|
Видео |
Кехат язде соьга |
ДЕЛАН ЭЛЧАНАН - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - ТУР - ЗУЛ-ФАКЪОР
Вайна юкъахь девзаш долу «Турпал Iелин тур» Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – исс туьрех цхьаъ хилла ду, царна юкъахь уггар гIарадаьлла тур хилла ду.
И тур, Марзýкъ Ас-Сойкъал цIе йолчу аьчка-пхьеро, КаIбатана уллохь лаьттах доьллина карийна хиллачу цхьана аьчках дина хилла аьлла деана ду цхьадолчу терахьан жайнашкахь. Иза динарг Ас-Сойкъал хилар дийцина цуьнгара шегара схьа Имам ТIабаранийс, цхьаболчу Iелам-наха ма-аллара - нийсачу иснадаца.
Цуьнан мукъ а, кIужал а, гIад а дато хилла аьлла деана ду масийтта дийцарехь. Амма и тур дахлуш а, шорлуш а хилла, цо цкъа тоьхча массо хIума йоькъуш хилла, иштта дIа кхин а дуьйцуш долу дийцарш бакъ дац, кхоьллина ду, Имам Ибн Таймиййас ма-аллара.
Цуьнан цIе «Зул-Факъóр», йа «Зул-Фикъóр» хилла. Цуьнан и цIе, иза Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – даккхале хьалха хиллачух тера ду, хIунда аьлча, Ибнул-Мусаййибера схьа деана ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – и тур даьккхинчул тIаьхьа цуьнан и цIе ша ма-йарра йитира аьлла. Амма оцу цIеран маьIна: «кIаьгнаш дерг» а, «букъдаьIахкан даьIахкаш ерг» а ду. Иштта цунах аларан бахьана, цуьнан букъ тIехь масийтта жима кIаг хилла хилар ду, букъдаьIахкан даьIахкийн хуттургийн куьцехь, цундела «кIаьгнаш дерг» а, «букъдаьIахкан даьIахкаш ерг» а аьлла – «Зул-Факъóр» а, «Зул-Фикъóр» а цIе тиллина цунна.
И тур, Бадр тIом хилале хьалха, Ал-Iáс ибн МунаббихI цIе йолчу цхьана мушрикан хилла аьлла ду, кхечу шина мушрикан хилла аьлла а ду, делахь а дукхах долу дийцарш Ал-Iáс вуьйцуш ду. ТIаккха мушрикаш Мединате тIом бан баьхкича, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Бадр тIамехь даьккхина хилла иза, оцу Ал-Iáс ибн МунаббихI цIе йолчу мушрикера. Иза Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – къастийна схьаэцна хилла цу тIеман хIонса юкъара. Ахьмада а, Тирмизийс а, Ибн Маджас а, Хьакима а дийцина, Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен тур «Зул-Факъáр» хIонс дина даьккхина Бадрехь тIом хиллачу дийнахь». Абуш-Шайх Ал-АсбахIанийс а, кхечара а дийцина, Iикримас аьлларг: «Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тур «Зул-Факъóр» Ал-Iас ибн МунаббихI (цIе йолчу мушрикан) дара, тIаккха иза вийра Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Бадрехь тIом болчу дийнахь». Цхьадолчу терахьан жайнашкахь деана, и Ал-Iас вийнарг Iалий (Iела) ву аьлла, делахь а суна иснад ца карийра оцу дийцаран. ТIабаранийс дийцина Ибн Iаббасера схьа, «Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Ал-Хьадджадж ибн Iуказа совгIатана делла хилла Зул-Факъóр тур», делахь а Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс хIара дийцар гIийла ду аьлла. Лакхахь дийцина долчу хьадисо гойту, цхьаболчу наха – шийIаташа масала – и тур стиглара доьссина ду бохург нийса ца хилар, йа иза бакъ а ца хилар.
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – даим бохург санна шеца цхьаьна лелош хилла иза, Макка йоккхучу хенахь иза Макка чувоьдуш цуьнгахь хилларг а иза ду, массо тIамехь цо лелош хилларг а ду бах цхьаболчу терахьхоша.
Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – гIенах гина а хилла и шен тур. Бухарис а, Муслима а, кхечара а дийцина, Ухьудехь тIом хиллачу дийнахь, тIом болабалале хьалха, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дагаваьлла хилла шен асхьабех, мушрикашна доьхьал арадовлу вай, йа Мединат чохь совцу вай аьлла. Цунна шена чохь севцча гIолий хеташ хилла, ткъа цхьаболчу асхьабаша арадовлийта аьлча, цара аьллачунна реза а хилла, аравала кечвелла иза. Ткъа ша аравалале хьалха, цо дийцина царна шена гина гIан. Абу Муса Ал-АшIарийс – Дела реза хуьлда цунна – дийцина цо аьлларг иштта: «Суна гира сайн гIенах, айса тур ластош. ТIаккха иза юккъех кагделира, иза (кагдалар) – АллахIах тешаш болчарна Ухьудехь хилларг дара. ТIаккха ас юха а ластийра иза, тIаккха иза ша хьалха хиллачул кхин а дика нисделла дIахIоьттира, иза (юха нисдалар) – АллахIа белла толам а, АллахIахх тешаш берш цхьанакхетар а дара». Тирмизис а, Ибн Маджас а дийцинчу хьадисашкахь и гIан кхин а алсам а ду, шена гинчу оцу туьран цо «сан тур Зул-Фикъóр» аьлла цIе яьккхина аьлла а ду.
Амма цу туьрах лаьцна долу хьадис: «Iела воцург къонах а вац, Зул-Фикъóр доцург тур а дац» аьлла кхайкхар хезна хилла Ухьуд тIамехь – аьлла долу, и хьадис заьIап ду аьлла Имам Ас-Сахóвийс «Ал-Макъóсидул-ХьасанахI» тIехь, заьIап хилла ца Iаш кхоьллина ду а аьлла Имам Ибнул-Джавзийс «Ал-МавдýIáт» тIехь.
Терахьан Iилманчийн а, Iелам-нехан а барт хилла хIума ду, и тур Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iелига делла хилар, иза хьахийна дуккха а Iелам-наха а, Iилманчаша а. «Мусаннаф Ибн Аби ШайбахI» тIехь а, «Макаримул-Ахлакъ» тIехь а деана ду: Iела – Дела реза хуьлда цунна – халиф хIоьттинчул тIаьхьа, Сиффúнехь тIом болчу дийнахь, тIом беш вара, шегахь Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тур Зул-Факъóр а долуш.
Цул тIаьхьа, и тур Iелигара – Дела реза хуьлда цунна – цуьнан тIаьхьенга кхаьчна. Имам Ибн Касúра – Дала къинхетам бойла цунах – дуьйцу, шен терахьан «Ал-Бидáйату ваннихIáйахI» цIе йолчу жайни тIехь, оцу туьрах лаьцна: «Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – туьрех цхьа тур кхаьчна хилла Iелин тIаьхьенга. Iелин кIант Хьусайн – Дела реза хуьлда цаьршинна – Карбалáэхь вуьйчу хенахь цуьнгахь хилла иза, тIаккха иза схьаэцна Хьусайнан кIанта Iелас, Зайнул-Iáбидúн олуш волчо. Ша Дамаске МуIавийатан кIант Йазид волчу воьдуш шеца цига даьхьна цо иза, цул тIаьхьа шеца Мединате юха а деана цо иза». Цул тIаьхьа вай хIинцца дуьйцур долу хьадис дийцина Имам Ибн Касира – Дала къинхетам бойла цунах. Имам Бухарис а, Муслима а, Абу Давуда а, Ахьмада а, кхечара а дийцина, Хьусайнан кIанта Iелас – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Тхо, (сан да) Iелин кIант Хьусайн – Дела реза хуьлда цаьршинна – вер хьокъехь Дамаске МуIавийатан кIант Йазид волчу даханчура Мединате догIучу хенахь, суна доьхьал кхийтира Михраматан кIант Ал-Мисвар – Дела реза хуьлда цаьршинна – тIаккха цо соьга элира: «Соьга омру дан дезаш, ас дан дезаш цхьа а хьуна оьшуш хIумма а дуй?» Ас цуьнга элира: «Дац». ТIаккха цо элира: «Ткъа, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тур схьалой ахь соьга? Бакъдолуш цхьана наха хьоьгара иза даккхарна кхоьру со. Ас АллахIаца дуй буу хьуна, ахь соьга иза схьалахь, цунна тIе цкъаъа цхьа а кхочур вац-кх хьуна, сан са хьаладаллалц!» ХIокху хьадисан маьIна деш Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Схьагуш дерг и тур Зул-Фикъóр хилар ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Бадрехь тIом болчу дийнахь даьккхина долу, Ухьудехь тIом болчу дийнахь цунна гIенах гина долу». «Ал-Мисварна лууш хилларг и тур лардар ду, цуьнан хьакъ ца девзачуьнга иза кхочуьйтучул а шега далар дехна цо, иза Iелина лардархьама».
Цул тIаьхьа, Iелин – Дела реза хуьлда цунна – тIаьхьенах и тур шегахь хилла бохуш терахьан жайнашкахь вуьйцуш верг Iелин кIентан Хьасанан кIентан Хьасанан кIентан IабдуллахIан кIант Мухьаммад ву – Дела реза хуьлда царна массарна а. Мухьаммадна а, паччахьан эскарна а юкъахь тIом хилла хилла. Цу тIамехь и тур цуьнгахь хилла олий хьахадо масийтта терахьан жайнахь. Ткъа ша лечу хенахь, Мухьаммада и тур тIе а вазвелла кагдина олий дуьйцу цхьаццанхьа. Делахь а, нийсох дерг, цо и тур ша вала герга вахча, ша 400 динар декхарийлахь волчу цхьана совдегархочуьнга делла хилар ду олу кхечу Iелам-наха. «Iабдул-МуттIалибан тIаьхьенах хьуна муьлхха стаг каравахь, цо хьоьгара схьаоьцур ду хIара тур, хьан декхар юха а дерзош» - аьлла, цуьнга делла бах цо иза. Мухьаммад цул тIаьхьа оцу тIамехь кхелхина – Дала къинхетам а бойла цунах, Дела реза а хуьлда цунна.
Цул тIаьхьа и тур оцу совдегархочуьнгахь диссина цхьа хан яллалц. ТIаккха иза Iелин тIаьхьенгара Iаббасан тIаьхьенга дехьадаьлла. Иза дехьадалар бахьана дуьйцуш, терахьана Iилманчаша дуьйцу, Iабдул-МуттIалибан кIентан Iаббасан кIентан IабдуллахIан кIентан Iалийн кIентан Сулайманан кIант ДжаIфар Мединатехь а, Йеменехь а паччахь хIоттийначу хенахь, цуьнга дийцина хилла Мухьаммада и тур совдегархочуьнга далар, цунна тIехь декхар хилар. ТIаккха ДжаIфара и совдегархо схьа а кхойкхе, цуьнан декхар 400 динар дIа а лой цуьнгара схьаоьцу иза.
Иштта ДжаIфарехь лаьтта иза, Мансуран кIант Ал-МахIдий халиф хIотталц (иза халиф хIоьттина шен да велча, хIижратан терахьца 158 шарахь). Иза халиф хIоьттича цуьнга цу туьрах лаьцна хабар кхочу, тIаккха цо ДжаIфарера схьаоьцу иза шега.
Цуьнгара иза Муса Ал-ХIáдú (169 хI\ш) халифе кхочу.
Цуьнгара цуьнан вешига, халифе ХIáрýн Ар-Рашúде (170 хI\ш) кхочу. ХIáрýн Ар-Рашúда иза шеца лелош хилла аьлла дуьйцу дуккха а терахьан жайнашкахь. Ал-АсмаIийгара схьа масийтта, тайп-тайпана дийцар ду и тур ХIарун Ар-Рашидехь хилар дуьйцуш: - «Суна гира ТIýс-гIалахь ХIарун, оьллина тур а долуш. Цо соьга элира: «ХIай АсмаIий! Зул-Фикъóр гайта ас хьуна?» Ас элира: «Гайтахь суна иза!» Цо элира: «Схьадаккха баттара хIара сан тур!» ТIаккха ас иза схьадаьккхира баттара, суна гира цу тIехь берхIийтта кIаг». («Вафайáтул-АIйáн»; цунах терра дийцар ду «Сийар АIлáмин-Нубалáъ» а, «РобúIул-Абрóр» а тIехь). - «Со цкъа ХIарун волчу чуваханчу хенахь, цо тхоьга элира: «Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тур Зул-Факъóр гайтий ас шуна?» Оха элира: «ХIаъ». Цо иза схьадеанчул тIаьхьа – цкъа а и санна хаза тур гина дацара суна!» («Ал-Макъóсидул-ХьасанахI») - «Цхьана дийнахь ХIаруна шеца деара Зул-Фикъóр, тIаккха ас дийхира цуьнга сой хьажийтар. Ас иза дIасахьовзийра керахь. Цуьнга хьевсича, со а, соьца хилларш а декъаделира, цу тIехь вуьрхIийтта кIаг бара, йа берхIийтта бара аьлла». (Уьзза жайна). Кхин а цхьацца жайнашкахь дуьйцу, ХIаруна ша шен эскаран куьйгалхо Йазúд ибн Мазúд Ал-Валúдана доьхьал тIаме вохуьйтуш, и тур цуьнга делла хилла аьлла – «Схьаэца хIай Йазúд, бакъдолуш хIокхуьнца толам хир бу хьуна» - а олуш. ТIаккха Йазид иза а эцна тIаме вахана, цо Ал-Валúдана тIехь толам а баьккхина. (Ал-Валúд Йазúда вийна хIижратан терахьца 179 шарахь).
Цул тIаьхьа цунах хилларг билггал долчу хабарца дуьйцуш цхьанххьа а ца карийра суна. Цхьацца жайнашкахь деана масех дийцар ду, цу туьрах лаьцна, амма уьш билггал, баккъалла а хилла ду йа дац ала хаац. Оцу дийцарех цхьаъ ду: и тур Iаббасан тIаьхьенга дехьа даьллачул тIаьхьа, церах цхьамма иза жIаьлина тоьхча кагделира аьлла. Делахь а, и каглучу хенахь тоьхна хилларг ХIарун Ар-Рашидан да Муса Ал-ХIáдú ву аьлла деана ду цхьадолчу терахь-жайнашкахь («Ал-Кáмил фит-тáрúх»). Оццу жайнахь деана ду иза ХIаруне а кхаьчна хилла аьлла. Ткъа нагахь санна, иза кагдалар дийцинчу кхечу терахьан Iилманчаша вуьйцуш верг Муса Ал-ХIáдú хиллехь, иза бакъ ца хилар гойту вай лакхахь Мусанал тIаьхьа халиф хилла волчу ХIарунера дийцинчу дийцарша. Амма нагахь санна цара дуьйцург цхьа кхин хIума делахь, иза бакъ хила а тарло, ца хила а тарло. Оцу дийцарех шолгIаниг ду: ХIижратан терахьца 402 шарахь – Имам ЗахIабийс ма-аллара – Ал-Хьаким халифана доьхьал ваьллачу цуьнан цхьана гIоьнчано меттахвоккху Iелин тIаьхьенах волу Маккин паччахь ДжаIфаран кIант Ал-Хьасан, «цуьнан тайпанан цIе нийса ю, цундела иза наха тIелоцур ву, цундела цунах имам ван веза» олий. Шена бевзарш меттах а бохий, цунна тIе нах а бохуьйте, цунна ахча а гулдой, цунна муьтIахьаллин чIагIо йойту цара. ТIаккха иза кхечу махкашка дIасавоьду шен имамалла кхайкхош. Иза вуьйцучу массо терахьхоша олу: цуьнгахь цхьа тур дара, Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тур Зул-Факъóр ду бохуш, цхьа Iаса а йара, Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iаса ю бохуш. Иштта хьахадо цара и тур цуьнан цIарца, шеконан дешнашца, иза баккъалла а хилла хилар тIе ца чIагIдеш. Ткъа иза цуьнгахь баккъалла а хилла хила а мега, ца хилла хила а мега. Оцу дийцарех кхоалгIаниг ду: ХIижратан терахьца 460 шерашкахь халиф хилла волчу Ал-Мустансирна доьхьал бевллачу нехан кераяхана хилла цуьнан хазна, олий дуьйцу терахьан жайнашкахь. Цара и хазна йохийча, халифана доьхьал ваьлла хиллачу итт эскархочух цхьанна – Тáджул-Мулýк Шáдú – керадахана Зул-Фикъóр тур, вукхера карадахана кхидолу тарраш, бохуш дуьйцу Ал-Макърúзийс, «Ал-МавáIизу вал-Iибар» цIе йолчу терахьан жайни тIехь. Иза а билггал бакъ ду йа дац аьлла чIагIдойла яц. Иштта ду хьалхалерачу терахьан жайнашкахь цу туьрах лаьцна суна гинарг. Ткъа таханлерачу цхьацца яздархоша схьадийцарехь, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тур Зул-Факъóр а, цуьнан кхидолу тарраш а Истамбулехь йолчу Топкапы-музей чохь ду бах, цуьнан а, Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кхидолчу туьрийн а ду бохуш суьрташ а ду интернетан цхьацца агIонаш тIехь. Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
|