|
Видео |
Кехат язде соьга |
Кхиаме доьзалан масал (дийцар)
Шуна дагадогIу хир ду вай сих-сиха олуш-хьахош дерг, вайна юкъахь баьржича дика болчу кхетамех бу олуш, «кхиаме адам, кхиаме доьзал, кхиаме юкъаралла» бохург.[1] Кхиаме доьзал бохучунна масал хила мегар долу, цхьана доьзалан дийцар дуьйцур ду вай, Дала мукъа лахь. Йаханчу заманахь, Самарканд олучу гIалахь цхьа Iеламстаг хилла бохуш дуьйцу – Ахьмадан кIант Мухьаммад ас-Самаркъандий. ФикъхI Iилмангахь, хьанафий мазхIабана тIедоьгIна яздина жайна хилла цуьнан, «Тухьфатул-фукъохIа́ъ» цIе йолуш. Цуьнан йоI хилла, Фа́тIима (ПетIамат) цIе йолуш. Шен деца Iилма Iамийна цо, Iеламстаг хилла иза. Цу йоIа шен ден и жайна дагахь Iамийна хилла боху. Шега цхьа хаттар хаьттича, шен йоIана иза гайтина бен, доьххьара цкъа цуьнга хаьттина бен жоп яздеш ца хилла цо. Жоп арадолучу хенахь, цо а, цуьнан йоIа а куьгтаIадой арадолуш хилла. Ткъа цуьнан йоI йоза хаза яздеш а хилла. Дуккха паччахьаша ехна цуьнгара и цуьнан йоI, Iаьрбоша а, ру́маша а, кхечу къаьмнех болчара а, амма цо ца елла иза цхьаьнгга а. Цу шейх Мухьаммадца Iилма Iамош цхьа дешархо хилла, Iала́уддин ал-Ка́са́ний цIе йолуш. Цо, хIокху шен шейхан «Тухьфатул-фукъохIа́ъ» цIе йолчу цу жайнин маьIна деш цхьа доккха жайна яздина хилла, «Бада́иIу-ссана́иI» цIе йолуш. И жайна хьанафий мазхIабехь уггар коьрта лоручу жайнех ду тахана а. Цу шен дешархочуьнга яхийтина цо шен йоI Фа́тIима. Ткъа цуьнан урдо – цо яздина долу и «Бада́иIу-ссана́иI» жайна хилла. Цундела олу цуьнан дахарх лаьцна дуьйцучу меттехь: «Цуьнан жайнин маьIна дина цо. Шен йоI яхийтина цо цуьнга». Цо и Фа́тIима (вай ПетIамат алар цунах ду) ялийначул тIаьхьа, цхьацца меттигашкахь гIалатволуш хилла иза, тIаккха хIусамнанас нисвеш хилла иза. Цул тIаьхьа, Бусалба динах лаьцна хаттар цу кхаанга хоттуш хилла, ткъа иза яздина арадолучу хенахь, церан кхаанне куьг хуьлуш хилла цу тIехь: Фа́тIиматан куьг а, цуьнан ден куьг а, цуьнан хIусамден куьг а.
Дийцарна тIехь ойла йича гучудовлу цхьадолу пайданаш: 1. Дас-нанас жималлехь дуьйна нийса кхетош-кхиоран болх бича, цаьршимма шаьшшинан доьзалхошца къахьегча, церан бIаьргбузош доьзалхой кхуьур бу царна, Делан пурбанца. 2. Бераш кхетош-кхиоран декхар дерриге нанна тIе а тесна, цу балхаца ден цхьа́ а бала цахилар нийса дац. Шен дас ПетIаматана хьеха ца хьехнехь цунах иштта кхиаме йоI ца хила тарлора. 3. Ойланчаша а, дешна наха а ма-аллара, къоман кхетаман гIап доьзал белахь, цу доьзалехь и кхетам берашкахь кхиош ерг нана ю. Цундела, нана дика кхетам болуш хилахь, доьзалхой а дикчу кхетамехь кхуьур ду. Цу дийцар юкъахь нана хьахийна ца хилча, кхузахь хIунда хьехайо иза хаттар кхолладелча, цунна жоп иштта хуьлу: цу доьзалехь нана хьахийна яц, амма хIусамнана хьахийна ю, ткъа иза хIусамнана хиларе терра нана а ю. Цундела, шейх Мухьаммада шен йоIаца къахьегар – хир йолу нана кечйар ду. Цундела гIалат ду зудаберашна Iилма ца Iамор, царна кхетам ца балар, уьш лахара хетар. Уьш наной хилар – деккъа физиологин йа материалан агIор дац, деккъа бераш дарца тIерадолуш дац и, и бераш кхетош-кхио дезаш а ду, царна бала безаш кхетам а бу. Ткъа цу ненан шен иза ца хилча, лойла дуй цуьнан иза кхечунна? ТIаккха цунна а мичара дера ду Iилма а, кхетам а, гIиллакх-оьздангалла а, жималлехь дуьйна дас-нанас делла ца хилча, йа хуьлуьйту бахьанаш лелийна ца хилча? 4. Цигара схьа, тIечIагIдеш олу вай: зудаберашка деша ца дешийтар нийса дац. Амма и дешар тIейогIучу хенахь церан коьрта декхарца догIуш хир долу дешар хила деза – доьзалан нана бохург цуьнан уггар сийлахь а, уггар деза а, уггар доккха а декхар ду. Дешар а, тIейогIучу хенахь цу сийлахь балхана новкъарло йийр йоцуш, мелхо а цуьнца до́гIур долуш хила деза. 5. Кхиаме доьзал.. Шейх Мухьаммадан а, цуьнан йоьIан а, йоьIан хIусамден а доьзал кхиаме доьзал бу. Уьш хIора а Iеламстаг ву, йоI вукха шиннал гIолий хуьлуш нислуш а ду, яздина жайнаш диссар бахьана долуш вукху шиннан цIе йиссар доцург. Таханлера доьзал кхиаме хиларан уггар коьрта агIонех ду аьлла хета суна, доьзалан хIора декъашхо дешна хилар – дахаран Iилма а, динан Iилма а. Кхин а масал далийча, кхиаме хиларан агIонех цхьа агIо ю царна массарна Къуръан деша хууш хилар (уггар кIеззигниг), йа царна массарна пхи джуз Къуръан дагахь хууш хилар (йа итт, йа ах, йа дерриге!!, йа «ал-Бакъарат» сурат, иштта кхидIа). Шуна хIун аьлла хета? ХIун ойланаш йогIу шун коьрте и дешча? 07.08.2014 = 11.10.1435
|