Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Ассаламу Iалайкум! Таханлера дукхах йолчу квартирашкахь а, цхьадолчу цIеношкахь а ламаз оьцу меттигаш а, луьйчу меттигаш а, цIано йен меттигаш а, аравоьду меттигаш а цхьаьне ю, цхьана чоьна чохь ю. Иштта уьш цхьане йолчу чохь ламаз эца мегий, ламаз оьцуш хилча, йа луьйчуш хилча, доьххьара «БисмиллахI» ала а, ваьллачул тIаьхьа доIа дан а мегий? Делан цIе яккха метгий царна чохь?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Нагахь санна ламаз оьцу меттиг а, луьйчу меттиг а аравоьдучу меттигца цхьана чохь елахь, ламаз кхечу меттехь эцча дика ду, аравоьдучу чоьна чохь а ца оьцуш. Амма ламаз эцарна къаьсттина меттиг яцахь, уьш цхьане йолчу чохь а эца мегар ду ламаз, делахь а цу чохь АллахIан цIе яккхар дика дац, иза товш а дац, муххале а ца яьккхича гIолий ду, хIунда аьлча и меттиг аравоьдучу меттигца цхьаьне ю. Имам Муслима дийцина, Ибн Iумарера – Дела реза хуьлда цунна – схьа, «Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьаткъан гIуллакх деш а волуш, тIехволчустага цуьнга салам делира, ткъа цо цунна жоп ца делира (салам схьа ца ийцира)». Ша оцу хьолехь а волуш Дела хьахор ца дезна Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна. Iелам-наха аьлла, Дела хьахор аравоьдучу хенахь дика ца хиларал совнаха, аравоьдучу меттехь а дика дац.  Цундела, ламаз эца волалуш олуш долу «БисмиллахI» шен дагахь эр ду, маттаца а ца олуш, ткъа, ламаз эцна ваьлча деш долу зикр а, доIа а – «АшхIаду ан лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIý ва расýлухI. АллóхIуммаджIалнú минаттаввáбúна ваджIалнú миналмутатIаххIирúн. СубхьáнакаллóхIумма ва бихьамдика, ашхIаду ан лá илáхIа иллá анта, астагIфирука ва атýбу илайка» - цу чура араваьлча дан мегар ду. ЦIано ечу хенахь Дела хьахор дика ца хиларал совнаха, муьлхха а къамел дар а дика дац цу хьолехь, цундела шена оьшуш долчу хIуманна бен къамел ца дан хьажа веза.[1]

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.

 

 


[1] «Фатáвáл-АлзхIар», 8\408, (Шейх IатIиййахI Сакър); «МаджмýIу Фатáвá ва Росáил Ибн Iусаймúн», 11\69, Шейх Ибн Ал-Iусаймúн.