|
Видео |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! «Бусалба стеган гIап» жайни тIехь: «24. ШолгIа ташаххIуд (этхьаг) дешначул тIаьхьа, салам далале деш долу доIа. «Йа АллахI! Хьоьца ларло со кошан Iазапах, жоьжахатин Iазапах, ва́харан а, валаран а питанах, Даджалан питанах а, вонах а». Вахаран а валаран питнах а.. Валаран питнах бохучу дашах муха кхета веза?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Доьххьара, жайни тIехь «ШолгIа ташаххIуд (этхьаг)» бохучух лууш дерг билгалдан лаьара. Иза – тIаьххьара ташаххIуд, йа вуьшта аьлча, тIаьххьара эттахьиг ду. ТIаьххьара бохург, жайни тIехь ма-дарра, салам далале доьшуш долу эттахьиг ду. ХIунда аьлча, Iуьйра ламазехь вайн цхьа эттахьиг бен дацахь, вукху диъ ламазехь ши эттахьиг доьшу вай. И доIанаш Iуьйра ламазехь эттахьиг дешна а ваьлла, салават диллинчул тIаьхьа, салам далале хьалха доьшуш ду; вукху диъ ламазехь доьххьара эттахьиг дешначул тIаьхьа доьшуш дац, мелхо а салам далале хьалха долу шолгIа эттахьиг дешначул тIаьхьа, салават диллинчул тIаьхьа, салам далале хьалха доьшуш ду. Хетарехь, жайни тIехь а иштта хийцам бийр хир бу вай, Дала мукъа лахь, тIедогIучу зорбанна, кху меттехь «тIаьххьара» аьлла тIетохарца йа «шолгIа» бохург цуьнца хийцарца. ТIаккха, «питана» бохург кхузахь – зер бохучу маьIнехь ду. «Вахаран а, валаран а питанаш» бохург – дахарца а, Iожаллийца а доьзна долу питанаш ду, дахарца а, валарца а доьзна долу тайп-тайпана зераш ду, цу шинне хьолехь адам зуьйш хилар ду. Валаран питана бохург кхаа маьIнехь хила йиш ю аьлла Iеламнаха. Хьалхара маьIна: Iожалла тIехIоьттича, са дала герга дахча шайтIано дагатуьйсу вон ойланаш а, Бусалба дин тIера леш верг дIаверзо гIерташ цо лелон хIуманаш а, леш волчуьнга тIаьххьара "Ла илахIа иллаллахI" дешнаш ца алийта цо лелош дерг а ду. ШолгIа маьIна: веллачул тIаьхьа шина малийко бийр болу бартхаттам бу, цунах болу кхерам а бу. КхоалгIа маьIна: каш чохь хир йолчу халонаш а, баланаш а ду. Кху маьIнийца "валаран питанах" алар, хIокхул хьалха "кошан Iазапах" аьлла а долуш – цкъа чулацаме дерг а хьахийна, тIаккха цуьнца цхьаьна цу чулацаме долчунна юкъара къастош цхьадерг хьахор ду, цунна тIе тидам бахийтархьама, иза цу чулацаме долчунна юкъахь къасторхьама. Ткъа и саннарг айаташкахь а, хьадисашкахь а, вуьшта адамийн къамелехь а дуккха нислуш ду. Ткъа дика хуург веза-сийлахь волу АллахI ву. 17.01.2018 = 30.04.1439
|