|
Видео |
Ассаламу Iалайкум сан бусалба ваша Олхазар! Шен хIусум-ненах куьг Iоттаделча ламаз духий?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Бусалба динан Iелам-нахана юкъахь хилпало ю, къовсам бу, шена яло мегаш йолчу зудчуьнах Iоттавелча ламаз дохар тIехь. Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Ал-МаджмýI» жайни тIехь ворхI кепара дешнаш дийцина цу хаттар хьокъехь, тайп-тайпана асхьабашкара а, Iелам-нахера а. Ткъа вай лелош дерг – иза, ШафиIийн мазхIабехь ма-дарра, шен хIусам-ненах кхетча а, шена яло мегаш йолчу кхечу зудчух кхетча а ламаз духуш хилар ду, юха эца дезаш хилар ду. Иштта иза аьлла цхьаболчу асхьабаша а, церал тIаьхьа хиллачу Iелам-наха. Масала, шен хIусамненах а, хийра зудчух а кхетча ламаз духу аьллачу асхьабех ву Iумар ибн Ал-ХаттIаб, IабдуллахI ибн МасIуд, IабдуллахI ибн Iумар. Иштта иза аьллачу Iелам-нахах ву Зайд ибн Аслам, Макьхьýл, Аш-ШаIбий, Ан-НахаIий, IатIóъ ибн Ас-Сáиб, Аз-ЗухIрий, Йахьйá ибн СаIид, РабúIа, СаIид ибн Iабдил-Iазиз, ШафиIи. Имам Ахьмадера дийцинчу кхаа дашах цхьаъ а, Имам АвзаIийгара дийцинчу шиннах цхьаъ а ду и духу аьлла долу дош. Ламаз духу аьллачеран а, ца духу аьллачеран а, иза дохар тайп-тайпана хьолашца доьзна ду аьллачеран а шайн тешаллаш (далилаш) ду. Ткъа иза духу аьллачеран доьххьара далил Къуръан тIера хIара айат ду: […шаьш зударех хьакхаделча, шайна хи ца карадахь – тайаммум дойла аш].[1] Цу айатехь деана долу «ламаса» дош Iелам-наха шина кепара дешна: «лáмаса» аьлла, «á» озийна а долуш, «ламаса» аьлла, «а» озийна а доцуш. «Лáмаса» аьлла иза дешча цуьнан маьIна – зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтар ду аьлла, зудчух кхетча ламаз ца дохош болчара. Ткъа «ламаса» бохучу дешан маьIна Iаьрбийн маттахь «Iоттавалар», «хьакхавалар» бохург ду. Цундела, зудчух Iоттаверлча ламаз дохар гойту цу айато. Цу айатехь луург Iоттавалар хилар чIагIдо Имам Малика шен нийсачу иснáдаца Ибн Iумарера – Дела реза хуьлда цунна – дийцинарг. Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Майрачо шен зудчунна барт баккхар (оба алар) а, цо цунах шен куьг Iоттар а (Къуръан тIехь дуьйцу) «хьакхавалар» ду. Цундела, шен зудчунна бартбаьккхинчо а, цунах шен куьг Iоьттинчо а ламаз эца деза».
Ткъа дика хуург АллахI ву!
2008-06-27
|