|
Видео |
Хьайна хала делахь а цхьа хIума хьехахь суна, соьга цхьацца болу наха айса ламаз оьцуш дойъуш долу хи цхьана литрал сов дала мегаш дац боху, гIуммагI чохь бен ламаз эца магош дац а боха. Оцу хьокъехь хIун эра дара ахь? ЧIинт кIелара хица шена ма лаьа хи а хьодуьйтуш ламаз эца ца мага до? Дела реза хуьлда хьуна!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Муслима а, Тирмизийс а дийцинчу хьадисехь деана ду, «Пайхамара – Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна – ламаз иэцара цхьана ка́нахь долчу хица, иза лийча а луьйчура цхьа сахь хиллал долчу хица», аьлла. Делахь а, и бохург цхьана канахь хиллал долчу хица бен ламаз иэца мегаш дац бохург дац. Муххале а, Имам Ибн Iа́бидийна ма-аллара, Iелам-нехан барт хилла хIума ду ламаз иэцарехь а, лийчарехь а тоам беш долчу хинна тоьхна барам ца хилар. Ткъа оцу хьадисехь деънарг суннат болу уггар кIеззиг барам бу бах Iелам-наха.[1] Цигара схьа девза вайна, ламаз оьцуш лелон хи цхьана литрал совдала мегаш дац бохург нийса ца хилар, нагахь санна «мегаш дац» бохучух луург хьарам ду бохург делахь. Амма нагахь санна цунах лууш дерг «макру́хI» ду бохург делахь, вайн маттара аьлча «ца дича дика а долуш, дича къа а доцуш долу хIума» ду иза, тIаккха иза нийса хила а тарло, хIунда аьлча ламаз иэцаран парзаш а, суннаташ а кхочушдарехь шена оьшучу барамал совнаха хи дайъар дика лоруш хIума дац, Пайхамара – Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна – магийна хIума дац. Ибн Ма́джахIас дийцинчу хьадисехь деана ду, ламаз оьцуш волчу СаIдана тIехволуш Пайхамара – Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна – цуьнга аьлла хиллера аьлла: «ХIара хIун сов вийлар (исра́ф) ду?». СаIда хаьттина хилла: «Ламаз оьцуш хилча а хуьлу сов вийлар (исра́ф)?». Пайхамара – Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна – жоп делла: «ХIаъ, хуьлу, хьо охьадоьдучу хи тIехь ламаз хилча а».[2] Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Ламаз иэцаран а, лийчаран а хинна хIоттийна барам бац. Делахь а дика лоруш ду ламаз иэцарехь хи цхьана ка́нал кIеззиг ца хилийтар, лийчарехь цхьана сахьал кIеззиг ца хилийтар а. Исра́ф дар (оьшучу барамал сов валар) дика лоруш дац массо Iелам-нехан барт хиларца».[3] Кхин а аьлла цо: «Вайн мазхIабера Iелам-нехан а, кхиболчу Iелам-нехан а барт хилла хIума ду ламаз иэцарехь а, лийчарехь а исраф дар вон хIума ларар. Буха́рийс аьлла шен «Сахьихь» тIехь: «Iилманан дайша дика ца лерина цу балхехь исраф дар». Ткъа девзаш гIарадаьлла дерг – исраф дар (оьшучу барамал сов хи дайъар) дича къа а доцуш, ца дича мелехь а долуш хIума хилар ду, хIетте а Ал-БагIавийс а, Ал-Мутаваллийс а иза хьарам (къилахь) ду аьлла. Исраф дар вон хIума хилар гойтуш ду IабдуллахI ибн МугIаффала – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Суна хезира АллахIан элчано – Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна – олуш: «ХIокху уммат юкъахь цхьа адамаш хир ду, цIано йарехь а, доIа дарехь а дозанал совдуьйлуш долу». И хьадис Абу Да́ву́да дийцина нийсачу исна́даца».[4] Амма ламаз гIуммагIца бен иэца мегаш дац бохург – иза иштта цхьаъа Iелам-стана аьлла ца карийра суна, мелхо а масех Iелам-стага хьахош карийра суна шайн къамелехь а, яздаршкахь а, каранта (оьрсийн: крант) кIеллахь ламаз иэцар, цунна цхьаъа инкарло а ца еш. Масала, «Мана́рус-Саби́л» цIе йолчу жайнийн маьIна деш Шейх Ибн Джибри́на аьлла: «Ламаз иэцарехь исраф даран масийтта кепара хила йиш ю: 1 – Меженаш йиларехь шариIато хIоттийначу барамал сов валар. И барам – хIора меже кхокх-кхозза йилар бу, корта боцург;[5] 2 – Ламаз оьцучу хенахь мало йар, дукха меллаша иэцар бахьана долуш дукха хи дайъар; 3 – Цкъа цхьа меже юьлуш дозанал сов валар, пхьегIана чура хи оьцуш велахь дукха хи иэцарца, йа каранта бухахь ши куьг латторехь дукха ва́хваларца». Цундела, каранта бухахь ламаз иэца мегаш ду, Дала мукъа лахь. Делахь а, Шейх Ибн Джибри́на ма-аллара, иштта ламаз оьцуш хилча исраф дарх ларвала хьажа веза, охьадоуьйтучу хинан барам лахбарца, хи дукха охьа ца даийтарца, йа меже юьлучу хенахь бен хи схьа ца делларца. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 07.07.2009 [1] «Ал-МавсуIатул-ФикъхIиййатул-КувайтиййахI», 4/179.
[2]
ХIара хьадис Iелам-нахана юкъахь
къовсаме хьадис ду, цхьаболчара цуьнан иснад нийса ду аьлла, вукхара
гIийла ду аьлла. Хьажа: Шейх Ал-Албаний, «Ас-Силсилатус-СахьихьахI»,
13/95. [3] Имам Ан-Нававий, «Ал-Маджму́I», 1/467. [4] Имам Ан-Нававий, уьзза жайна, 2/190. [5] ШафиIий мазхIабехь коьрта тIе хи кхозза хьакхар суннат лоруш ду, Шейх Ибн Джибри́на аьлларг Хьанбалий мазхIабехь дерг ду.
|