|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Ламаз оьцучу хенахь доIанаш ца деша мегий? Шортта доIанаш доьшу вай цIахь болчу наха. Цхьаммо куьйгаш дуьлучу хенахь ишштта ала деза боху, вукхо вуьшта ала деза боху, масийтта кепара ду-кх и доIанаш цара схьадийцарехь. Суна хьан сайта тIехь карийна сан хаттарх лаьцна цхьа йоккха статья, амма сан хаттар иштта ду. Суна хьадис хезнера: "Кто вначале омовения скажет "бисмиЛлахI" ("аIузу биллахIи минаш-шайтIонир-роджим" ала деза аьлла дацара цигахь, и ала ца деза дIаволалушшехь?), затем совершит омовение должным образом (цхьаъа доIанаш деша деза аьлла дацара цигахь, кхи цхьа тонкость йара, бага хи кхорзучу хенахь кIеззиг бен ца оьцу бага хи аьтту куьйгаца, тIаккха в ладони диссана долчу хица сразу мара цIанбо), а потом скажет "Ашhаду алля иляhа илляллаh вахдаhу ля шарика ляh, ва ашhаду анна Мухаммадан абдуhу ва расулюh. Аллаhумма идж альни мина-ттаввабина вадж альни миналь-мутатоhhирина. Субханакаллаhумма ва бихамдика, ашhаду алля иляhа илля анта, астагфирука ва атубу иляйка (кхи тIе иштта салават тоьхча дика ду бах: "Уа соли Аллаhума Iаля Мухаммад ва Iаля ээли Мухаммад"), для того откроются восемь ворот Рая, через любые из которых он сможет пройти (если смерть постигнет его). Ас иштта ламаз эцча, нийса хийр дуй и? А просто кхузахь ма-аллара ламаз эцна, только в конце и доIа ца дешча, мегаш дуй иштта?
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме ваша! Хьан хIокху хаттар юкъахь масех хаттар ду, царна хIоранна ша́-ша́ жоп дала хьовсур ду вай.
1. "Ламаз оьцучу хенахь доIанаш ца деша мегий?". Жоп: мега. ХIунда аьлча, цхьанне Iелам-стага ца аьлла и доIанаш дешар парз ду, важиб ду, йа уьш ца дешча ламаз эцар кхочуш хуьлуш дац, йа нийса лоруш дац. Мелхо а, ламаз оьцучу хенахь йила езаш йолу меженаш йиличахьана, эца волалуш ниййат а дичахьана, меженаш йилар тIаьхьий-хьалхий хилийтичахьана, кхачо дезаче массанхьа хи кхачийтичахьана, кхин цхьаъа хIума маттаца схьа ца аьлчи а, цхьаъа доIа ца дича а, ламаз эцар нийса хуьлуш ду. Ахь хьахийначу "статья" тIехь ва билгал ма-дарра, цхьаболчу Iелам-наха и доIанаш дан ца оьшу аьлла, ма де аьлла, церах ву Имам Нававий. Цхьаболчара уьш дича дика ду аьлла. Вукхара уьш дан мегар ду, делахь а Суннат ду мотта мегар дац аьлла. Иштта ду цу доIанех лаьцна Iелам-наха аьлларг. Цхьамма а ца боху уьш важиб ду, уьш ца деш ламаз эцча нийса дац. Бакъду, доьххьара ламаз иэца дIаволалуш "БисмиллахI" алар цхьаболчу Iелам-наха (масала хьанбалий мазхIаберачара) важиб ду аьлла, цхьаболчара суннат бен дац аьлла (масала шафиIий мазхIаберачара). Ткъа и важиб ду аьллачара а ца боху и ца аьлча ламаз иэцар нийса дац. Кхузара схьа девза вайна ахь тIаьххьара хаьттинчу шина хаттарна долу жоп а: " Ас иштта ламаз эцча, нийса хийр дуй и?" – хир ду; "А просто кхузахь ма-аллара ламаз эцна, только в конце и доIа ца дешча, мегаш дуй иштта?" – мегаш ду. Вай доьххьара ма-аллара, ламаз оьцучу хенахь олуш долу хIума дерриге суннат бен дац, дича мел болуш, ца дича къа а доцуш долу хIума бен дац, важиб хIума дац, цундела ахь оцу зикрех цхьаъа зикр ца олуш ламаз эцча иза нийса а ду, мегаш а ду. Хьайна гIолий дерг дан лаахь, мел сов хилийта лаахь, и зикр доьшур ду ахь, ца дешахь къа а дац хьуна.
2. Ламаз иэца дIаволалуш "АIузу биллахIи минаш-шайтIонир-роджи́м" ала дезий? И алар цхьаболчу Iелам-наха дика ду аьлла. Ткъа къаьсттина цунах лаьцна деана хьадис-м ца карий суна, йа Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен "Ал-Азкар" жайни тIехь а ца хьахийна иза. Кувейт пачхьалкхехь кечйинчу ФикъхIан Энциклопеди тIехь дуьйцу цунах лаьцна: "ЦIано йечу хенахь шайтIанах Делаца ларвалар: - Хьанафий мазхIабан Iелам-нахана гергахь - Ат-ТIахьа́вийс аьлла: "Бисмилла даккхале эра ду иза (ламаз оьцучо)", - делахь а цо цуьнан хьукм кхи билгал ца дина. - ШафиIий мазхIабера Iелам-нахана гергахь дика лоруш ду бисмилла даккхале хьалха къайлах (чIогIа а ца олуш) шайтIанах Делаца ларваларан дешнаш алар. Аш-Ширва́нийс аьлла: "Цу дешнел тIаьхьа хIара алар а дика ду: "Алхьамдулилла́хIиллази́ джаIалал-ма́а тIахIу́ран, вал-исла́ма ну́ран, робби аIу́зу бика мин хIамаза́тиш-шайа́тIи́н, ва аIу́зу бика робби ан йахьдуру́н". - Маликий мазхIабера Iелам-наха, ламаз иэцначул тIаьхьа "ашхIаду" дешар доцург а, ламаз иэца волалуш бисмилла даккхар доцург а кхин ала деза аьлла хIумма дац. - Хьанбалий мазхIабера Iелам-наха цу хьокъехь билггал аьлла цхьаъа дош ца карийра тхуна. Тхуна гинчу жайнашкахь, луьйчучу хенахь а, тайаммум дечу хенахь а шайтIанах ларваларан дешнаш алар Iелам-наха хьахош ца гина тхуна. Бакъду, лийча волалучу хенахь ламаз иэцар дика ду аьлла бартхилла-м бу церан массеран а. Цундела, и ламаз иэцарца а леладезаш хуьлу вай доьххьара хьахийна дерг. Ткъа мел дика а, хаза а ду Ибн Муфлихьа "Ал-Фуру́I" жайни тIехь аьлларг: "ШайтIанах Делаца ларвар дехаран дешнаш аьлча дика ду АллахIана герга вуьгу муьлхха а дика гIуллакх дIадолош". Цу юкъа догIу хIинца вай дуьйцуш дерг а, и санна долу кхидерг а".[1] Цундела, ламаз иэца волалучу хенахь "АIузу биллахIи минаш-шайтIо́нир-роджи́м" алар дика ду аьлла болчу Iелам-нехан аьлларг дан хьайна лаахь, ала мегар ду ахь иза, ца лаахь ца аьлча цхьаъа гIалат хIума а дац, галдолуш хIума а дац.
3. Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, ламаз эцначул тIаьхьа деш долу зикр дуьйцуш: "Ламаз эцначул тIаьхьа эра ду цо: "АшхIаду ан ла́ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахI, ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIу ва расу́лухI. Алло́хIуммаджIални́ минаттавва́би́н, ваджIални́ минал-мутатIоххIири́н. Субхьа́накалло́хIумма ва бихьамдик, ашхIаду ан ла́ила́хIа илла́ анта, астагIфирука ва ату́бу илайк". Iумар ибн Ал-ХаттIабера схьа – Дела реза хуьлда цунна – дийцина вай, цо аьлларг: "Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: "Ламаз а эцна, хIара дешнаш: - "АшхIаду ан ла́ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахI, ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIу ва расу́лухI", - аьллачунна дIайоьллур ю ялсаманин бархIе неI, церах шена луъучухула цу чу а гIур ву иза". Муслима дийцина иза шен "Сахьихь" жайни тIехь. Тирмизийс а дийцина иза, хIокху дешнашца: "Алло́хIуммаджIални́ минаттавва́би́н, ваджIални́ минал-мутатIоххIири́н". ХIара дешнаш: - " Субхьа́накалло́хIумма ва бихьамдик...", - чекхдовллалц дийцина Наса́ийс "Iамалул-йавми валлайлахI" жайни тIехь а, иза воцучо кхечанхьа а, гIийла иснадаца. Кхин а вай дийцина ДарукъутIнийн "Сунан" жайни тIехь, IабдуллахI ибн Iумарера схьа (Дела реза хуьлда цаьршинна), Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: " Ламаз а эцна, тIаккха вистхилале хьалха хIара дешнаш: - "АшхIаду ан ла́ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахI, ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIу ва расу́лухI", - аьллачунна гечдийр ду шина ламаз эцарна юкъахь хилларг". Цуьнан иснад гIийла ду. Кхин а вай дийцина Ахьмад ибн Хьанбалан "Муснад" тIехь а, Ибн МаджахIан "Сунан" тIехь а, Ибн Ас-Суннийн жайни тIехь а, Анасера схьа (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: "Эца ма-дезза дикка ламаз а эцна, тIаккха кхозза хIара дешнаш: - "АшхIаду ан ла́ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахI, ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIу ва расу́лухI" – аьллачунна дIайоьллур ю ялсаманин бархIе неI, церах шена луъучухула цу чу а гIур ву иза". Цуьнан иснад гIийла ду. АллахI воцург кхин дела вац аьлла и тешалла (ашхIад) кхозза юх-юха алар вай кхин а вай дийцина Ибн Ас-Суннийн жайни тIехь Iусман ибн Iаффанера схьа (Дела реза хуьлда цунна), гIийлачу иснадаца. Шейх Ан-Наср Ал-Макъдисийс аьлла: "ХIокху азкарашца цхьаьна эра ду хIара: "Алло́хIумма солли Iала́ мухьаммад, ва Iала́ а́ли мухьаммад". Оцу дешнашна тIетухур ду цо хIара а: "ва саллим". Вайн мазхIабера Iелам-наха аьлла: "ХIара азкараш къилбехьа вирзина волуш эра ду, ламаз эцна ма-ваьллинехь эра ду". Чекхдели Имам Нававийс цу хьокъехь аьлларг. Ахь хьайн хаттарехь хьахийна долу кхо доIа – "АшхIаду..." а, "Алло́хIуммаджIалини́..." а, "Субхьа́накалло́хIумма" а, – уьш хьадисашкахь даьхкина ду. КхоалгIачу доIанан хьадисан иснад Имам Нававийс гIийла ду аьлла, делахь а нийсачу иснадаца дийцина а ду иза, асхьабера схьа. Ткъа, асхьаба иштта хIума шегара олийла яц, цундела иза Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлча санна лоруш ду.[2] Амма и доIа динчул тIаьхьа цуьнца цхьаьна салават диллар (Алло́хIумма солли Iала мухьаммад...) – цунах лаьцна дийцина долу хьадис цхьаъ кхоьллина ду, важа гIийла ду. Цуьнан тоьшалла и гIийла хьадис хила а мега аьлла цхьаболчу Iелам-наха. Йа кхин цхьа тоьшалла хила а мега цуьнан: ламаз эцначул тIаьхьа деш долу и зикр доIа ду, ткъа хIора доIанал тIаьхьа салават диллар суннат ду, доIанан гIиллакхех а ду, иза хьадисехь деана а ду, цундела оцу меттехь салават диллар дика ду.[3] Дика хуург сийлахь АллахI ву! 06.11.2009 |