Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Ламаз иэцначул тIаьхьа цергаш сивакаца цIанйича кIеззиг багара цIий даьлча, ламаз карара-м ца долу?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Шина бехкеметтигах а доцуш, кхечу меттехь муьлхха а кепара дегIах цIий далар ламаз карара до́лучу бахьанех лоруш дац шафиIий мазхIабехь.

Ламаз карара доккху хIуманаш шафиIий мазхIабера Iелам-наха иштта билгадаьхна:

1) Бехкечу шина меттех цхьа хIума араялар.

2) Мох арабер боцучу кепара охьахиъна а воцуш наб кхетар.

3) Хьекъалчура валар, вахар бахьана долуш, йа цамгар бахьана долуш, йа цхьа кхин бахьана долуш.

4) Шена яло хьарам йоцучу зудчуьнан чIурах борша стеган чIор Iоттадалар.

5) Куьйган чоьхьарчу агIонца (куьйган кераюкъ йолу агIор), адаман бехкеметтигах куьг кхетар, шен бехкеметтиг елахь а, кхечуьнан елахь а, воккхачуьнан елахь а, жимачуьнан елахь а, дийначуьнан елахь а, веллачуьнан елахь а.

6) Когаш тIе «масхь» дина йолу хан чекхялар.

7) Эмкалан жижиг даар.

8) Бусалба динах дIакъастар.

Iелам-наха ма-аллара, оцу бахьанаша бен кхечу цхьанне а хIумано ламаз дохош дац. Цундела, ахь хьахийначу хьолехь ламаз карара ца долу.

Иза девзинчул тIаьхьа… Кхечу Iелам-наха аьлларг довзийтархьама хьахийча дика хир ду: хьанафий а, хьанбалий а мазхIабехь ламаз карара доккхучу бахьанех цхьаъ лоруш ду дегIах цIий далар. Ткъа, хьанбалий мазхIабера Iелам-наха, - «цIий дуккха даьллехь карара долу» - аьлла, дукхаллийца доза тоьхна а ду цунна. [1]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

01.11.2009

 

 

 

[1] Имам Ибн Рушд, «Бида́йатул-муджтахIид ва нихIа́йатул-мукътасид», 1/34; «Ал-мавсу́Iатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 43/386.