Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Зудчунна тIера мархин сахь доккхуш цуьнгара пурба даккха дезий?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Зудчунна тIера майрачо мархин сахь доккхуш хилча цуьнгара пурба даккхар важиб дац. И довзуьйтуш, Iелам-наха цу хьокъехь аьлларг дуьйцур ду вай.

Доьххьара, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Шена тIера сахь даккхар тIедоьжна волчунна тIедужуш ду ша́ напха (рицкъа) латто дезачарна тIера сахь даккхар».[1] Ткъа, зуда майрачо напха (рицкъа) латто дезаш ю, цундела майрачунна тIехь ду цунна тIера сахь даккхар.

ТIаккха, Имамул-Хьарамайн Ал-Джувайнийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла «НихIа́йатул-матIлаб» жайни тIехь:

«Вайн имамашна (шафиIийн мазхIабера Iелам-нахана) юкъахь къовсам хилла бац аьтту болуш волчу майрачо шен зудчунна тIера сахь доккхуш хилча, цо цуьнга хIумма а хетта дезаш ца хилар тIехь. Хьашт долуш хIума дац цкъа доьххьара цуьнан ниййат а хилла, тIаккха цо шен майрачуьнга иза шен метта даккхийтар. Майрачунна иза важиб хилла тIедоьжна хиларо хадош (дIадоккхуш) ду и санна хIума дагада́р».[2]

Оцу дешнийн маьIна доцца схьаделла Имам ГIаза́лийс, Дала къинхетам бойла цунах: «Майрачо зудчуьнгара пурба а доцуш (цуьнга хатта а ца хоттуш) сахь даккххича мегаш ду, бакъдолуш иза даккхаран кхайкхам шариIато цуьнга беш бу».[3]

Iелам-нехан цу дешнаша билггал гойтуш ду майрачо шен зудчунна тIера мархин сахь доккхуш хилча, цо цуьнга хIумма а хетта дезаш ца хилар.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

18.09.2009

 

 


[1] Имам Ан-Нававий, «МинхIа́жут-тIо́либи́н», 98 агIо.

[2] Имам Ал-Джувайний, «НихIа́йатул-матIлаб фи́ диро́йатил-мазхIаб», 3/379.

[3] Имам Ал-ГIаза́лий, «Ал-Васи́тI», 2/500.