Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Мархин сахьах лаьцна хаттар дара сан. Иза доккхучу хенахь пурба эца дезий ас сайн хIусамненера, сайн доьзалшкара (5 шо, 3 шо кхаьчна болчу)?

Йа цаьрга хатта а ца хоттуш, ас айса ниййат дина сайн дагахь, царна тIера доккха аьлла, даккха мега иза?

АллахI реза хуьлда хьуна!

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ХIусамдас шен хIусамнанна тIера сахь доккхуш хилча, цо цуьнгара пурба даккха дезаш ца хилар шафиIийн мазхIабера Iелам-наха билгалдина ду. Ткъа, ша́ рицкъа латто безаш болчу доьзална тIера сахь доккхуш хилча, цаьргара пурба даккха деза йа ца деза аьлла хьахийна меттиг ца карийра суна Iелам-нехан жайнашкахь. Делахь а, цара зудчуьнгара пурба даккхаран хьокъехь аьлла долчу дешнийн доьххьала дIа схьагуш долчу маьIне хьаьжча, ахь хьайн оцу кегий доьзалшкара пурба даккхар важиб ца хилар го, иза ахь дан оьшуш хIума ца хилар го.

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Шена тIера сахь даккхар тIедоьжна волчунна тIедужуш ду ша́ напха (рицкъа) латто дезачарна тIера сахь даккхар».[1] Ткъа, хьан зуда а, хьан кегий бераш а ахь напха (рицкъа) латто дезаш болчерах бу, цундела хьуна тIехь ду царна тIера сахь даккхар.

ТIаккха, Имам Джувайнийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

«Вайн имамашна (шафиIийн мазхIабера Iелам-нахана) юкъахь къовсам хилла бац аьтту болуш волчу майрачо шен зудчунна тIера сахь доккхуш хилча, цо цуьнга хIумма а хетта дезаш ца хилар тIехь. Хьашт долуш хIума дац цкъа доьххьара цуьнан ниййат а хилла, тIаккха цо шен майрачуьнга иза шен метта даккхийтар. Майрачунна иза важиб хилла тIедоьжна хиларо хадош (дIадоккхуш) ду и санна хIума дагада́р».[2]

Имам ГIаза́лийс а – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Майрачо зудчуьнгара пурба а доцуш (цуьнга хатта а ца хоттуш) сахь даккххича мегаш ду, бакъдолуш иза даккхаран кхайкхам шариIато цуьнга беш бу».[3]

Оцу дешнашкахь билгал ду зудчуьнгара пурба даккха дезаш ца хилар. Ткъа, кхиаза долчу берашна тIера сахь даккха дезарг да ву, иза цунна тIехь важиб ду, цундела цунна тIехь дац шен кхиаза долчу берашкара пурба даккхар. Цаьргара пурба а ца доккхуш дас сахь даьккхича мегаш ду.

Ткъа нагахь санна шена тIера сахь доккхуш волу доьзалхо кхиъна ваьлла (пхийттара ваьлла) ларалуш а велахь, иза шен даьхни долуш а велахь, иза нийса хьекъал-кхетам болуш (сонта воцуш) а велахь, тIаккха цуьнгара пурба даккха деза цунна тIера сахь даккха лууш волчу цуьнан дас, йа дедас, иштта кхидIа а.[4]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

18.09.2009

 

 


[1] Имам Ан-Нававий, «МинхIа́жут-тIо́либи́н», 98 агIо.

[2] Имам Ал-Джувайний, «НихIа́йатул-матIлаб фи́ диро́йатил-мазхIаб», 3/379.

[3] Имам Ал-ГIаза́лий, «Ал-Васи́тI», 2/500.

[4] Имам Такъиййуд-Ди́н Ал-Хьисний, «Кифа́йатул-ахйа́р», 189; Имам Мухьаммад Ал-ГIамро́вий, «Ас-сиро́джул-ваххIадж Iала́ матнил-минхIа́дж»,  131 агIо.