Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iеламнах

Пайхамар

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

Пайхамар

Дела хьахор

Аудио

Дерриге йозанаш

Хеттарш

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахI!

Олхазар марханаш Дала къобул дойла, лайна хало меле язйойла хьан. Сан цхьа хаттар дара. Мархийн сахь Iийд дале дIадала вицвелла со, шолугIчу дийнахь бен айса и дIаделла ца хилар дага цадеан суна, ас хIун дан деза? Мархийн сахь даккха дезий ас?

АллахIа диканца бекхам бойла хьуна. Ларамца, Муслим

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Мархин сахь дала мегаш йолу хан мархин беттан доьххьара дийнахь дуьйна, марха достучу дийнахь малх чубуззалц йолу хан ю. Цу шен хена чохь дIа ца луш дитахь йа диссахь, доькхуш даккха дезаш ду иза. [1]

Цхьаболчу Iеламнаха, Iийд ламаз дале дIадала деза аьлла а ду иза, Iийд ламазал тIаьхьа делларг сахь дац, сагIа ду аьлла а ду. Ткъа вай тIетевжаш дерг шафиIий мазхIабехь дерг ду, иза лакхахь вай аьлларг ду. Цундела,  Iийдан дерриге дийнахь даккха мегаш ду сахь, цу дийнахь малх чубузале дIа ца луш дита мегаш дац иза.

Цуьнан гIолий йолу хан Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа Iийд ламаз дале ерг ю аьлла Iеламнаха, хIунда аьлча Суннатехь деана дерг и долу дела. Нагахь санна кхечу махка дохьуьйтуш делахь, йа цу Iуьйранна и дIадала аьтту хир бац аьлла хетахь, цу Iуьйренга ца хьежош хьалххе дIадалар гIолий хила а тарло иза.

ТIаккха, доьххьара вай ма-аллара, нагахь санна цу шен хена чохь и дIа ца луш дитахь йа диссахь, доькхуш даккха дезаш ду иза.

Цундела, хьайн даккхаза диссина мархийн сахь даккха дезаш хуьлу ахь, доькхуш нислуш а хуьлу хьан иза.

Ткъа дика хуург АллахI ву.

29.07.2014 = 02.10.1435


 

[1] Имам ал-Ма́вардий, «Ал-хьа́вил-каби́р», 3/389; Имам аш-Ши́ро́зий, «Ал-мухIаззаб», 1/303.