Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Маршалла ду бусулба веше! Сан хаттар: Зударийн ламаз дисинчу хенахь цара дагахь тасбихьаш, аяташ деша мегий? Цу хенахь цара хIун дешча бакъхьа ду? Дела реза хуьлийла!

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Делера маршалла хуьлда!

1. Зударий ламаз деш боцучу хенахь царна мегаш доцург маттаца Къуръан дешар ду. Кхидерг дешар а, алар а мегаш ду царна. Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бусалба нехан бартхилла хIума ду, лийчар тIедоьжна волчунна а, ламазах йоьхначунна а мегаш хилар «субхьаналло́хI» алар, «ла́ ила́хIа иллалло́хI» алар, «алло́хIу акбар» алар, «алхьамдулиллахI» алар, АллахIан Элчанна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) салават диллар, кхидолу азка́раш дар, Къуръан дешар доцург».[1] Оцу кеппара, ламаз деш йоцучу зудчо, масала, «Бусалба стеган гIап» жайни тIера массо кепара долу азка́раш деша мегар ду, масала, Iуьйранна-суьйранна доьшуш дерг а, дIавуьжуш доьшург а, самаваьлча доьшург а, берашна доьшург а, хазахетча-халахетча олург а, яахIума юуш олург а, иштта кхидерг а.

2. Бакъду, оцу азкарашна юкъахь Къуръана тIера айаташ ду, цундела ша́ уьш доьшучу хенахь айаташ доьшу ша́ аьлла дагахь хилийта мегар дац, хIунда аьлча тIаккха иза Къуръан дешар хир ду, азка́раш дешар хир дац. Ша Дела хьахош ю, ша зикр деш ю аьлла хила деза цуьнан дагчохь и айаташ доьшучу хенахь. Оцу хIора айатана тIе мел кхочу и дагадаийта деза бохург дац и, Къуръан доьшу аьлла дагадаийтарх ларйала еза бохург ду иза, цундела, масала Iуьйранна-суьйранна доьшуш долу азкараш деша йолалучу хенахь дагчохь дерг азкараш дешар хилчахьана тоьар ду, айаташ долчу метте кхаьчча ша́ Къуръан доьшу аьлла дага ца деъчахьана.[2]

3. Къаьсттина ламазах йоьхна йолчу зудчо Къуръан деша ца магар Iеламнахана юкъахь къовсаме хIума ду. Юкъарчу хьолехь вай шеца жоп луш дерг дукхах болчу Iеламнаха аьлларг ду, оцу кепара йолчу зудчо Къуръан деша мегар дац аьлла. Ткъа цхьаболчу Iеламнаха иштта йолчу зудчо Къуръан деша мегар ду аьлла а ду.[3] ТIаккха, цхьаболчу Iеламнаха, доьшуш йолчу йа хьоьхуш йолчу зудчунна деша мегар ду аьлла а ду. Цундела, таханлерачу хьолехь, хьоьхуш йолчу цхьана хьехархочо Къуръан деша дезаш нислахь, йа доьшуш йолчу дешархочо Къуръан деша дезаш нислахь, къаьсттина цаьршинна иза деша мегар ду аьлла жоп ло вай, Дала мукъа лахь. ХIунда аьлча, цкъа делахь, цхьаболчу Iеламнаха оцу зудчо Къуръан дешар доьххьара дуьйна а хьарам дац аьлла а долу дела, цхьаболчара хьоьхуш йа доьшуш елахь мегар ду аьлла а долу дела, цара аьллачунна тIетевжина жоп ца делча доьшийлашкахь цунах новкъарло а, хало а хуьлу дела.

ТIаккха, кхузахь кхин цхьа хаттар кхоллало: ламаз деш йоцу зуда Къуръанан экзамен йала езаш нислахь, цо яздан мегар дуй иза? Иштта йолчу зудчо Къуръан яздар хьарам дац, делахь а иза ларйала езарг ша́ иза шена тIехь яздечу тептарх Iоттайалар ду, хIунда аьлча Къуръан тIехь яздинчу хIуманах Iоттавала мегаш дац ламаз керахь доцург а, ламаз дан мегаш воцург а. Цундела, цо ша́ и яздечу хенахь, шен куьг оцу тептар тIе а ца Iоттадолуьйтуш яздан деза,[4] иза жимма хала хир делахь а.

4. ТIаккха, лийчар тIедоьжна волчу стага а, зудчо а, ламазах йоьхна йолчу зудчо а Къуръан деша ца мега бохург – маттаца иза деша ца мега бохург ду, шена хезар долчу кепара мотт меттах а ца боккхуш шен дагахь деша мегар дац бохург дац. Мелхо а, мотт меттах боккхуш ца хилча, шен дагахь Къуръан деша мегаш ду оцу хьолехь волчу стага а, зудчо а. Къуръанах Iотталуш ца хилчахьана, Къуръан тIе а хьожуш шайн дагахь деша а мегаш ду цара. Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Лийчар тIедоьжначунна а, ламазах йоьхначунна а мегаш ду Къуръан тIе хьежар а, дагахь иза дешар а, мотт меттах а ца бохуш».[5]

Ткъа дика хуург АллахI ву.

24.12.2012 = ‏11‏.02‏.1434


 

[1] «Ал-мажмуI», 2/164.

[2] Имам аш-Ширбиний, «МугIнил-мухьтаж», 1/217; Имам ар-Рамлий, «НихIайатул-мухьтаж», 1/221.

[3] Имам ан-Нававий, «Ал-мажмуI», 2/356-357.

[4] Имам Нававий, «Ал-фата́ва́», 27.

[5] «Ал-мажмуI», 2/163.