|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Мархин бутт болабала цхьа кIира хьалха зуда ялийна хилча, цу зуда ялийначу стагана а, еанчу зудчунна а мархин бутт кхабар тIехь дац бохург бух болуш хIума дуй, мел бакъ ду иза? Баркалла.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Суна хууш-девзаш хIума дац, зуда ялор а, маре йахар а марха ца кхаба магочу бахьанех ду алар. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 01.08.2011 = 01.09.1432
|