|
Видео |
Хьешан тептар |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар дара хьоьга. Мархин баттахь тIехьийзачу йоIега вистхила мегаш дац олуш хезнера суна, цунах лаьцна яздийр дарий ахь суна, мега-те иза йа ца мега-те?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ТIехьийзачу йоIе вистхиларх лаьцна, иза маца мега, муха мега, маца ца мега вай дийцира хьалха кхузахь: «Яло ниййат долчу йоIе вистхиларан дозанаш». Нагахь санна ахь хоьттуш долу вистхилар вай оцу хаттарна деллачу жоьпехь мегаш дерг делахь – мега, дацахь – ца мега. ТIаккха, со тIехьийзаш ву бохуш а ца Iаш, со вистхуьлуш ву бохуш а ца Iаш, нагахь санна хьой и йоI билггал яло сацам бина велахь катоххе схьаялайе. Нагахь санна хьо вайн дукхах болчу кегийрахоша лелош долу ловзарш лелош велахь – и хьашт доцу ловзарш Iаддита, хьайн дахарна а, хьайн хьолана а тIехь дикка ойла йе, хьайна катоххе зуда а ялайе. Ткъа хьуна мархин баттахь вистхила мегаш дац аьлла хезна дерг – и ловзарш лелочара шайн хьолах лаьцна олуш дерг хир ду, шаьш лелориг дика доций а хууш, иза лартIехь доций а хууш, Далла гергахь шаьш гIалат буй а хууш, мархин баттахь Далла Iеса хилар кхечу хенахьчул доккха дуй а хууш олуш хир ду иза. Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву! Дала Ша реза волчу хIуманна тIехь аьтту бойла хьан а, кхиболчу массо кегийрахойн а! 01.08.2011 = 01.09.1432
|