Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум Олхазар. Марха кхобуш хилча, ламаз оьцуш бага хи кхарза мегий?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лакъи́тI ибн Сабурас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, ша Пайхамаре (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хаьттира аьлла: «ХIай АллахIан Элча! Ламаз эцарх лаце дийцахь суна». Цо аьлла тIаккха: «Ламаз кхоччуш эца ахь (массо меттиган тергам беш, парз а, суннат а лардеш); (куьгийн а, когийн а) пIелгаш юккъе куьйган пIелг хьокхуш хи а кхачийта ахь; мера чу дикка хи а кхарза ахь, хьой марха кхобуш вацахь».[1]

Оцу хьадисо гойтуш ду марха кхобучо ламаз оьцучу хенахь мера чу хи кхарза мегаш хилар, дукха кIорге а ца кхорзуш. Ткъа бага хи кхарзар мера чу хи кхарзар санна ду. Цундела аьлла Iеламнаха: легашка гIур долчу кепара дукха кIорге а ца кхорзуш бага а, мера чу а хи кхарза мегар ду марха кхобуш волчо.

ТIаккха, ламаз оьцуш бага хи кхорзуш а, мера чу хи кхорзуш а ца хууш кийра хи додахь марха ца духу, нагахь санна дукъа кIорге ца кхаьрзинехь. КIорге кхаьрзина хиллехь марха духу, хIунда аьлча и хи ма де аьлларг дар бахьана долуш кийра кхаьчна долу дела.

Дика хуург АллахI ву.

11.08.2012 = ‏23‏.09‏.1433


 

[1] Абу Давуд, Насаий, Тирмизий.