|
Видео |
Хьешан тептар |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум Олхазар. Бехк ма билла ас хьайга иштта хаттар даларна. Сан багахь сиха шат IаьIа. ТIаккха шатт ас сих-сиха дIайаккха езий? Иштта хьолехь ас и шатт дIа ца йаккхар бахьанехь со марха долчу хенахь хьаг ца луш санна хета суна. Марха нийса хуьлий сан иштта кхобуш долу? Йа ас цхьа дарба лаха дезий цу хIуманна? ХIокху хаттарна ахь жимма сихо жоп делча ас сихо пайда оьцар бара. Дала Ша реза волчарех дойла вай. (Ас юьйцуриг багахь хуьлуш долу туйнаш ду. Со жима волуш дуьйна ду суна и хIума).
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Оьшург хаттар бехке хIума дац, Дала мукъа лахь. Лераме ваша, туйнаш диъча марха духуш дац, хIунда аьлча иза ларвала хала хIума долу дела. Цундела, хьан марха нийса ду, Дала мукъа лахь. Бакъду, багахь и туйнаш ахь айхьа гул а деш, тIаккха уьш чутилийтар ца магадо цхьаболчу Iеламнаха, ткъа вукху Iеламнаха иза хьарам дац олу, «макрухI» (ца дар дика долуш) ду олу. Цундела, и санна долу хIума дарх хьо ларвелча дика хила тарло. Ткъа дика хуург АллахI ву. 11.08.2012 = 23.09.1433
|