Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Фарз марха, суннат марха кхаба аьлла ният дина и шиа цхьана дийнахь кхаба мегий, йа по отдельности кхаба деза?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ХIара хаттар рамадан баттахь кхабаза парз марханаш диссинчуьнца, йа ша́ марха кхобур ду аьлла чIагIо йинчуьнца доьзна ду. Парз марха а, суннат марха а цхьана дийнахь кхаба мегаш ду, Дала мукъа лахь, масала, сайн диссина парз марха кхаба ниййат ду сан, Iарафат дийнахь суннат марха кхаба ниййат ду сан аьлла ши ниййат дина. Цу шинне марханах ме́л а хир бу цунна, Делан комаьршаллийца а, Цуьнан къинхетамца а.[1]

Шинне мархин ме́л хиларехь шайн къаьстина хьукм долуш ду Шаввал баттахь кхобуш долу ялх де – оцу ялх дийнахь иштта ши марха цхьанатоьхна цо кхабахь, шеран марханаш кхаьбна ме́л хир бац цунна, шен парз тIерадаккхаран ме́л а, суннат кхочушдаран ме́л а хир бу цунна, шеран марханийн ме́л боцуш, хIунда аьлча шеран марханийн ме́л рамадан бутт берриге кхаьбначул тIаьхьа и ялх кхабарца боьзна бу. Ткъа цунах лаьцна хьалха вай дийцира хIокху хаттарна деллачу жоьпехь:

«Диссина фарз марханаш хилча, суннат марханаш кхаба мегий?»

Ткъа дика хуург сийлахь веза волу АллахI ву.

06.10.2013 = ‏01‏.12‏.1434


 

[1] Имам ар-Рамлий, «Фатава ар-рамлий», 2/63-64; Шейх Ибн Iусаймин, «МаджмуI фатава ва росаил ал-Iусаймин», 20/48.