|
Видео |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум варохьматуЛлохIи вабаракатухIу! Хаттар дара сан: дийнахь, багахь марха долуш, кIантана выделени хилча и марха духуш дац олуш ду. А нагахь санна, цуьнан ойланаш бахьана долуш, куьг ца Iоьттинехь, йа гайтIехь Iиллинехь наб кхетта воцуш, цуьнан выделени хилча доьхна дуй? Юха, 15-16 шо долуш, мархин баттахь дийнахь и болх бинчунна ши бутт тIекхабар, йа 60 къе-стаг вузавар тIаьхь дуй? И тIекхаба дезахь, хIора оцу балхаца дохийна долу мархана тIекхаба бези и ши бутт, йа и мархнаш кхаьбчи тоьуш ду?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Доьххьара, нагахь санна «выделени» бохучух лууш ерг оралла (шех доьзалхо кхоллалуш йолу тIуналла) а йоцуш, кхийолу тIуналлаш елахь, цара цхьанне агIор марха ца дохадо. Иштта ду шафиIий мазхIабехь дерг, кхечу мазхIабашкахь кхечу кепара аьлла а ду. Ткъа нагахь санна цу «выделени» бохучух лууш дерг оралла (доьзалхо кхоллалуш йолу тIуналла) елахь – марха дохар а, цадохар а цунах доьзна ду, цундела кхидIа вай дуьйцур дерг а цу маьIнийца хир ду. Хууш ма-хиллара, марха дохочу хIуманех ду борша стага шен лаамца тIуналла (оралла) араялийтар. Стага, шен лаамца, цхьа бахьанаш а лелийна, тIуналла араялийтахь, масала зудчунна барт баккхарца, йа иштта кхидолу бахьанаш лелорца, йа шен куьйга оралла араяккхахь, марха духу. Нагахь санна лаа а ца лууш, марха кхобучо лелийна бахьана а доцуш оралла араялахь марха ца духу. Масала наб кхетта волуш и хIума хилахь марха ца духу. Кхин лелийна хIума а доцуш, тIуналла араяккха доьххьара дуьйна лаам боцуш, еккъа ойла йар бахьана долуш тIуналла араяьлчи а марха ца духу, марзонца хьажар бахьана долуш тIуналла араялахь а марха ца духу. ХIета а, марха долчу хенахь дегIан марзо меттахйоккхучу кепара ойланаш йар а, хьежар а хьарам ду аьлла Iеламнаха, дегIан марзо меттахйоккхучу кепара бартбаккхар санна.[1] Иштта ду наб кхетта а воцуш бертал вижина Iачу хенахь тIуналла араялар а – доьххьара дуьйна тIуналла араяккха лууш лелийна хIума дацахь, веккъа иза вижина Iаш цунна цхьа хIума дагадеъча цуьнан лаамаза тIуналла араялча марха ца духу. Ткъа цо и араяккха гIерташ цхьа бахьанаш лелийначул тIаьхьа и араялахь – марха духу. ТIаккха, нагахь санна шена лаа лууш цхьа бахьана а лелийна тIуналла араяьккхинчо Деле шена гечдар деха деза, ша́ и къа латорна тоба дан а деза, ша́ дохийна и марха доькхуш кхаба а деза мархин бутт дIабаьлча. Иштта и ду цо дан дезарг. Амма 2 баттахь марха кхабар, йа и кхаба аьтту бацахь 60 мискачунна кхача балар – зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг хилийтарца марха дохийначунна тIедужуш долу гIуда ду иза, «каффа́рат» а олу цунах. И хIума зудчуьнца иштта и эвхьаза юкъаметтиг хилийтарца марха дохийначо бен дан дезаш дац, кхечу кепара тIуналла араяьккхинчо дан дезаш дац и.[2] ТIаккха, зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтар а доцуш, кхечу кепара бахьанаш а лелийна йаханчу хенахь цхьамма шен марха дохийнехь – цо дан дезарг тоба дар а, гечдар дехар а, ша́ дохийна марха доькхуш кхабар а ду, цхьаъ дохийнехь цхьа де декхар, шиъ дохийнехь шиъ, и.кх.дI. Нагахь санна марха ца духучу кепара цуьнан тIуналла араяьлла хиллехь – цуьнан мархна нийса ду, цундела цо хIумма дан ца деза. Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву! 23.07.2014 = 25.09.1435
|