|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Нагахь санна марха долчо – хуьлийла иза стаг йа зуда – эвхьаза гIуллакхан некъаш лелийнехь, масала барт баьккхинехь (оба аьллехь), чIор чIурах кхетийтинехь, иштта и санна долу кхидолу бахьанаш лелийнехь, ши бехке меттиг цхьаьна а ца кхоьтуьйтуш,[1] цуьнан марха доьхна ца лору, оралла араяьлла яцахь. Нагахь санна барт баккхар бахьана долуш, хьакхавалар бахьана долуш, йа иштта и санна долу кхидолу хIуманаш лелор бахьана долуш оралла араялахь – марха доьхна лору, ши бехкеметтиг цхьаьнакхетта яцахь а. Йа вуьшта аьлча: зудчуьнца эвхьаза гIулкхан некъаш лелийча марха доьхна ца лору, нагахь санна ши бехкеметтиг цхьаьнакхетта а яцахь, оралла араяьлла а яцахь. И некъаш лелор бахьана долуш оралла араялахь марха духу. Ши бехкеметтиг цхьаьнакхетча а марха духу, оралла ара яьлла яцахь а. Цундела, ахь хьайн хаттарехь хоьттучу кепара, нагахь санна и стаг шен зудчунна барт боккхуш, цуьнца цхьаьне дIавижча, цаьршинан ши бехкеметтиг цхьаьнакхетта а яцахь, цу стеган оралла яьлла а яцахь, цуьнан марха ца духу. Амма нагахь санна ши бехкеметтиг цхьаьнакхеттехь, йа оралла яьллехь – тIаккха цуьнан марха доьхна лору. ТIаккха, нагахь санна рамадан баттахь, багахь марха а долуш, ши бехкеметтиг цхьанакхетийтинехь, и хIума динчо, цкъа ша дохийна марха доькхуш кхаба а деза, тIаккха шена тIера оцу къинан мохь байбеш «каффарат» дан а деза. Нагахь санна ши бехкеметтиг цхьаьнакхетта а йоцуш, оралла араяларца марха доьхнехь, «каффарат» дар тIе ца дужу, и де доькхуш кхаьбчахьана тоам болуш хуьлу.
Ткъа дика хууш верг сийлахь АллахI ву!
29.09.2008 [1] Ши бехке меттиг цхьанакхетар бохучух кхузахь луург иштта ду: борша стеган бехкеметтиган корта зудчуьнан бехкеметтигца къайлабалар.
|