|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! И марха муха лоцуш (муьлхачу хенахь) а, достуш а хилла Элчано (соллаллохIу IалайхIи ва саллам)? Марха долуш лийча мегий? Сивак хьаькхча марха духий?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Амма марха лацаран хан – иза массо Iеламнехан бартхиларца Iуьйра ламазан хан ю. Сийлахь везчу АллахIа аьлла: [Юург юийла аш, мерг а молийла аш, Iуйьранна (анайистехь сатасаран) кIай тай (боданан) Iаьржачу тайнах къастар шайна билгалдаллалц, тIаккха буьйсанга кхаччалц марха кхочушдойла аш].[1] ХIокху айатехь, «(сатасаран) кIай тай (боданан) Iаьржачу тайнах къастар», - бохург Iуьйра ламазан хан хилар ду, анайистехь иштта и сатасаран серло гучуяларца дIайолалуш ю Iуьйра ламазан хан. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Билала азан буьйсанна до (моллалла Iуьра хан хилале кхойкху иза, цундела) аш шайн юург юийла, мерг а молийла Ибн Умм Мактума азан даллалц».[2] Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Багахь яахIума а йолуш цхьанна Iуьйра хан тIехIоттар билгалдáлахь, шен багарниг охьатосийла цо. Нагахь санна цо иза охьатассахь – нийса хир ду цуьнан марха. Нагахь санна цо иза дIакхаллахь – духур ду цуьнан марха. Нагахь санна шена иза билгал ма-даьллинехь цо шен багарниг охьатоссучу хенахь, цунна лаа а ца лууш цуьнах цхьа дакъа цуьнан кийра додахь… цу хьокъехь долчу шина дашах нийсох дерг цуьнан марха духуш ца хилар ду».[3] Амма марха долуш лийча мегий аьлча – мега. Иза вай дийцира хьалха кхузахь: Амма сивак хьаькхча марха духий аьлча – ца духу, нагахь санна легашка цу сиваках схьадовлуш долу да́къош кхочуьйтур дацахь. ТIаккха, «Марха кхабар: хаттар - жоп» цIе йолу жайна деша, цу тIехь дуккха а пайдане долу хIуманаш ду хьуна аттачу маттаца яздина. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 04/09/2010 = 25/09/1431 [1] Сурат «Ал-Бакъарат», 187 айат. [2] Бухарий, Муслим. [3] Имам Ан-Нававий, «Ал-МаджмýI Шархьул-МухIаззаб», 6/308.
| КхидIа |