Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум
Олхазар. Сан хаттар дара хьоьга, кхаа бетта мархех лаьцна.

Делера салам-маршалла хуьлда Мухьаммад пайхамарна. Цуьнан суннатехь билгал бина буй мархин кхо бутт?

Раджаб, ШаIбан а, Рамадан а, кхаба безаш тIебиллина хилар.

Цунах лаьцна билгал даьлла хууш дерг йаздар хьан нисделча, вашалла хуьлар-кх суна цунах, иштта кхиболчарна а хирг хилар шеко йац. Дела реза хуьлда хьуна, тхан хаттаршна терго а йеш, хьайна хуучух жоп даларна.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лекха хинволчу АллахIа Шегара дуккха а салават а, салам а кхачадойла Ша сийлахь вазвина ваийтинчу вайн пайхамарна Мухьаммадна, тIаккха цуьнан охIлунна а.

Делан элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Суннатехь оцу кхаа баттах марха кхабарца билггал хьахийна берг тIаьххьара шиъ бу, ШаIбан а, Рамадан а. Ткъа Раджаб баттахь марха кхабарх лаьцна Iелам-наха тайп-тайпана аьлла дешнаш ду.

 

1) Амма Рамадан бутт – иза вай дийца ца оьшуш массарна а бевзаш бу, Рамадан баттахь марха кхабар кхиъна ваьллачу хIора бусалбанан – стеган а, зудчуьнан а – декхар ду, иза Бусалба динан пхеа бIогIамех цхьаъ бу, лекха хинволчу АллахIа Шен Къамелехь а, сийлахь Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен хьадисашкахь а дукха хьехийна бу.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла сийлахь Къуръан тIехь:

[ХIай Делах тешна дерш! (Парз дина) тIедожийна шуна марха кхабар, шул хьалха хиллачарна тIехь парз ма-дарра, шу хилийта Делах кхоьруш].[1]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Ислам пхеа хIуманна тIедоьгIна ду: АллахI воцург кхин дела а вац, Мухьаммад Цуьнан элча а ву аьлла тешалла дарна а, ламаз дарна а, закат даларна а, рамадан бутт марха кхабарна а, Делан цIентIе хьадж дарна а».[2]

 

2) Амма ШаIбан бутт – цу баттахь марха кхабарх лаьцна даьхкина нийса хьадисаш ду. Бухарис а, Муслима а дийцина Iаишатера схьа – Дела реза хуьлда цунна – Делан элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ШаIбан беттан дукхах долчу деношкахь марха кхобура аьлла. Цаьршима дийцинчу кхечу хьадисехь деана ду: "ШаIбан баттахьчул дукха марханаш ца кхобура цо кхечу беттанашкахь, и бутт берриг кхобура цо". Муслима дийцинчу хьадисехь деана ду: "ШаIбан бутт берриге кхобура цо, цхьа кIеззиг боцург". Абу Давуда дийцинчу хьадисехь ду, "Делан элчанна – Делера салам-маршалла хилла цунна – уггар дукха дезаш хиллачу беттанех бара ШаIбан, иза кхаба а кхобий, Рамаданаца цхьаьнахоттара цо", аьлла. Насаийс дийцинчу хьадисехь ду: "иза берриге кхобура цо", аьлла.

Ткъа оцу хьадисашкахь цкъа берриге кхобура аьлла ду, юха дукхах берг кхобура аьлла ду. Цхьаболчу Iелам-наха оцу хьадисашна юкъара маьIна деш аьлла: иза важиб ду ца моттийта, цкъацкъа берриг кхобуш хилла цо иза, цкъацкъа дукхах берг кхобуш хилла.[3] Кхечу Iелам-наха и бутт цо берриге кхаьбна ца хилла аьлла, ткъа оцу хьадисашкахь «и берриге кхобура цо» бохург – дукхах берг кхобура бохург ду аьлла цара, хIунда аьлча Iаьрбийн маттахь иза иштта алар нийса хуьлу дела.[4] Цигара схьа цхьаболчу Iелам-наха суннат дерг ШаIбан бутт берриге кхабар дац олу, дукхах берг кхабар ду олу. Ткъа дукхах болчара берриге кхабар суннат ду олу.

ТIаккха, ШаIбан баттахь марха кхабар парз дина тIедиллина хIума дац, важиб долу хIума дац. Важиб дерг цхьа Рамадан бутт бен бац. ШаIбан баттахь марха кхабар суннат ду, мелехь хIума ду, кхаьбча мел а хуьлуш, ца кхаьбча къа а доцуш хIума ду. Цундела шена луучо кхобур бу ШаIбана бутт, шена ца луучо кхобур бац. Кхаьбначунна мел хир бу, Дала мукъа лахь, ца кхаьбначунна къа а дац.

ТIаккха, Рамаданал хьалха богIуш болчу ШаIбан баттахь марха кхабаран бахьана хIун хилла-те аьлла хаттар дича, Iелам-наха тайп-тайпана жоьпаш делла цунна. Масала цхьаболчара Рамадан баттахь марха кхабарна дегI кечдеш кхобуш хилла аьлла. Делахь а, цу жоьпашна юкъахь хьалхе йолуш дерг Делан элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша цу хьокъехь аьлларг хила догIу.[5] УсамахI ибн Зайд цIе йолчу асхьаба – Дела реза хуьлда цунна – хаьттина хилла Пайхамаре, Делера салават а, салам а хуьлда цунна: «ХIай АллахIан элча! ШаIбан баттахь санна кхечу беттанашкахь ахь марха кхобуш ца гина-кх суна». Цо аьлла тIаккха: «Иза (ШаIбан) – Раджабна а, Рамаданна а юкъахь адамаш шех гIопул хуьлуш болу бутт бу. Цу батта чохь хьалаойъуш ю Iамалш Iаламийн Элане (АллахIе). Ткъа суна сайн Iамал сой марха кхобуш волуш хьалайахьийта лаьа».[6]

ШаIбан баттахь марха кхабарца доьзна кхин цхьа хаттар а ду. Нагахь санна доьххьара дуьйна марха кхобуш ца хиллехь, ШаIбан беттан шолгIа дакъа (16-гIа марха) дIадоладелча марха кхаба волавала мегаш дац. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «ШаIбан бутт юккъе баьлча марха ма кхобийла аш».[7]

Нагахь санна и бутт доьххьара дуьйна кхобуш хиллехь, йа шен хьалхе дуьйна кхобуш марханаш хиллехь – масала цхьацца де юкъа а долуьйтуш – тIаккха мегаш ду ШаIбан бутт юкъал тIехбаьлча а марха кхаба. ХIара хаттар вай жимма алсам дийцира кхузахь:

"Кхо бутт марханаш кхобуш хилча, ШаIбан беттан тIаьххьара пхийтта де кхабар муха ду?"

 

3) Амма Раджаб бутт – Шайхул-Исла́м Хьа́физ Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́нийс – Дала къинхетам бойла цунах – къаьсттина цу баттах лаьцна яздина жайна ду, «Табйи́нул-Iаджаб бима́ варада фи́ шахIри раджаб» цIе йолуш. Цу жайни тIехь цо аьлла: «Тешаллийна лаца мегар долуш цхьаъа нийса хьадис деана дац къаьсттина Раджаб беттан дозаллех лаьцна, йа къаьсттина цу баттахь марха кхабарх лаьцна, йа цуьнан денойх цхьадолчу деношкахь марха кхабарх лаьцна, йа цуьнан буьйсанех къаьсттина цхьана буьйсанна ламазаш дарх лаьцна. Соьл хьалха и хIинца ас аьлларг иштта хадам болуш аьлла Имам Хьафиз Абу Исма́Iи́л Ал-ХIаравийс, вай цуьнгара схьа иза дийцина нийсачу иснадаца. Кхин а вай дийцина и маьIна долу дешнаш иза воцучуьнгара а».[8]

Кхин а аьлла Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́нийс[9], Дала къинхетам бойла цунах: «Ткъа цу баттана тешалла хила тарлуш деана долу уггар гIолий долу хьадисаш иштта (хIара шиъ) ду:

Уса́махI ибн Зайдера схьа – Дела реза хуьлда цунна – Наса́ийс дийцина долу хьадис ду. Усам́ата аьлла: «Ас элира: «ХIай АллахIан элча! ШаIбан баттахь санна кхечу беттанашкахь ахь марха кхобуш ца гина-кх суна». Цо элира тIаккха: «Иза (ШаIбан) – Раджабна а, Рамаданна а юкъахь адамаш шех гIопул хуьлуш болу бутт бу...».[10] ХIокху хьадисехь довзуьйтуш ду Раджаб бутт Рамадан баттах тера хилар, наха цу баттахь Рамадан баттахь санна Iибадат деш хилар а, и санна болчу ШаIбанах уьш гIопул хуьлуш хилар а. Цундела марха кхобуш хилла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ШаIбан баттахь. Ткъа цо иза марханца къасторехь гойтуш ду Раджабан дозалла, и дозалла царна юкъахь девзаш сецна хилла хилар а.

Кхин а цу хьадисех (шолгIа хьадис) ду Абу Давуда «Ас-Сунан» тIехь дийцинарг, ... Муджи́бат Ал-Ба́хIилийгара схьа, цуьнан дегара йа цуьнан девешигара схьа, цо (цуьнан да, йа деваша) АллахIан элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу а веана, бусалба дин тIелаьцна хиллера аьлла. ТIаккха, иза волчура дIаваханчул тIаьхьа, цхьа шо даьлча юхавеана хилла иза, шен хьал а, куц а хийцаделла а долуш. ТIаккха цо аьлла: «ХIай АллахIан элча! Со ца вевза хьуна?». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Мила ву хьо?». Цо аьлла: «Со стохка хьо волчу веана хилла БахIилий тайпанах верг ву-кх». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Хьуна тIехь хIара хийцам бинарг хIун ду? Хьо хьалха веанчу хенахь хаза куц долуш ма вара». Цо аьлла: «Хьох со дIасакъаьстинчул тIаьхьа дуьйна буьйсанна бен яахIума йиъна яц ас». ТIаккха АллахIан элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Айхьа хьайна Iазап хIунда дина ахь? Собаран баттахь марха кхаба, хIора баттахь кхин цхьана дийнахь марха а кхаба (иштта кхаьбча тоьар ду хьуна)». Цо аьлла: «Совдаккхахь суна, кхин а совнаха кхаба гIора ду соьгахь». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шина дийнахь кхаба тIаккха». Цо аьлла: «Совдаккхахь суна». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Кхаа дийнахь кхаба тIаккха». Цо юха а аьлла: «Совдаккхахь суна». ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла цуьнга кхозза: «Хьурум»[11] (хьарам долчу) беттанех цхьадолу денош кхаба, ца кхобуш Iадда а дита».

Оцу хьадисан иснад юкъахь мила ву ца хуу стаг ву, хIетте а, оцу хьадисо гойтуш ду Раджаб беттан цхьадолчу деношкахь марха кхабар мелехь хилар, хIунда аьлча иза хьарам беттанех цхьаъ бу».[12] Чекхдели Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлларг. ХIара тIаьххьара хьадис цхьаболчу хьадисан Iелам-наха гIийла ду аьлла, масала иза дуьйцучу хенахь Хьафиз Ибн Хьаджара аьлларг санна: - «цуьнан иснад юкъахь мила ву ца хуург ву» - ткъа иштта иснад долу хьадис гIийла лоруш ду.

И ши хьадис дийцинчул тIаьхьа Хьафиз Ибн Хьаджара дийцина цу баттахь марха кхабарх лаьцна даьхкина гIийла хьадисаш а, кхоьллина долу харц хьадисаш а.

Ткъа вай доьххьара ма-аллара, Раджаб баттахь марха кхабаран хьокъехь Iелам-неха тайп-тайпана дешнаш ду, уьш иштта хиларан бахьана Хьафиз Ибн Хьаджара дийцинарг ду. Ткъа церан дешнаш кхаа кепара ду:

- Цхьаболчу Iелам-наха аьлла: къаьсттина Раджаб бутт кхечу беттанех къастош, кхидолчу беттанашкахьчул цу баттахь цхьа дозалла ду моьттуш, и бутт кхечу беттанел беза бу моьттуш цу баттахь марха кхаба мегар дац. ХIунда аьлча марха кхабар Iибадат ду, ткъа цхьана хенахь, йа цхьана меттехь, йа цхьана куьцехь деш долу хIума Iибадат ду а́ла далил (бух) оьшу, ткъа иштта билггал далил хIокху хаттарехь доцуш ду. Хьафиз Ибн Хьаджара дийцинчу шина хьадисах шолгIаниг гIийла лерина хIокху Iелам-наха, доьххьарчу хьадисехь марха кхабар билггал гайтина дац аьлла цара. Цул совнаха, Iумара а, IабдуллахI ибн Iабба́са а – Дела реза хуьлда царна – Раджаб баттахь марха кхабар магош ца хилла аьлла дийцина ду.

- Цхьаболчу Iелам-наха Раджаб баттахь марха кхаба мегар ду аьлла, нагахь санна кхидIа долу «хьурум» беттанашца кхобуш делахь. Вуьшта аьлча, Раджабца цхьаьна цул тIаьхьа цхьа масех бутт баьлча богIуш болу Зул- хьидджахI а, Зул-къаIдахI а, Мухьаррам а кхобур белахь. ХIунда аьлча оцу Абу Давуда дийцинчу хьадисехь Раджаб бутт ша́ цхьаъ хьахийна бац, цигахь хьахийнарг дерриге «хьурум» беттанаш ду, цундела вукха беттанашкахь а марха кхобур делахь мегар ду Раджаб баттахь марха кхаба аьлла цара. ХIара дош девзаш ду Имам Ибн Таймиййас аьлла хиларца.

- Ткъа дукхах болчу Iелам-наха мегар ду аьлла Раджаб баттахь марха кхаба, иза мелехь а ду аьлла, суннат а ду аьлла. Хьафиз Ибн Хьаджара дийцинчу шина хьадисана а, цо дийцинчу гIийла хьадисашна а тIетевжина уьш. Марха муьлхха а хенахь кхабар мелехь ду бах цара, ткъа «хьурум» беттнашкахь марха кхабар Абу Давуда дийцинчу хьадисехь деана ду, Раджаб цу беттанех а бу. И хьадис гIийла хилар новкъа дац аьлла цара, хIунда аьлча шен бухехь дуьйна муьлхха хенахь марха кхабар билггал долчу далилаца сецна хилча, гIийла хьадисаца Iамал йан мегаш ду Iибадатан дозалла дуьйцучу меттехь. Цул совнаха, и доцург а доьххьаралера хьадис а ду Раджаб беттан дозалла гойтуш, кхин а гIийла дуккха хьадисаш а ду цу баттахь марха кхабар дика хилар гойтуш.

Иштта ду Iелам-наха цу хьокъехь аьлла дешнаш а, церан далилаш а.

Цигара схьа девза вайна тIаьхьий-хьалхий кхаа баттахь – Раджаб, ШаIбан, Рамадан беттанашкахь – марханаш кхабарх лаьцна дерг.

Ткъа цу дешнех харжаме дерг муьлхург ду аьлча – цунна жоп дала суна хала ду, ца магош болчеран а, магош болчеран а дешнаш шинне агIор чIогIа ду, цундела шена луучо кхаба мегар ду уьш, Дала мукъа лахь, ца луучо ца кхаьбча къа а дац иза. Бакъду, кхобучуьнга ма кхаба бохуш дов дан а мегар дац, кхаба мегар дац аьлла хетарг галваьлла ву мотта а мегар дац, хIунда аьлча и хаттар иджтихIадан хаттар ду, вовшийн инкарлонаш йан магочу хаттарех дац.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

16.08.2009

 


[1] Сурат «Ал-Бакъарат» 183 аят.

[2] Бухарий, Муслим.

[3] Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Ал-фата́ва́ ал-фикъхIиййатул-кубро́», 2/68; Шейх Ибн Ба́з, «Маджму́I фата́ва́ Ибн Ба́з», 15/416.

[4] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́ний, «Фатхьул-ба́ри́», 4/214.

[5] Уьзза жайна, 4/215.

[6] Насаий, Абу Давуд, Ибн ХузаймахI.

[7] Абу Давуд, Тирмизий, Насаий, Ибн МаджахI.

[8] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́ний, «Табйи́нул-Iаджаб бима́ варада фи́ шахIри раджаб», 2-гIа агIо.

[9] Уьзза жайна.

[10] Насаий, Абу Давуд, Ибн ХузаймахI.

[11] «Хьурум» беттанаш – хьарам беттанаш ду. Цу беттанашкахь тIом бар хьарам дина хилла дела яьккхина царна и цIе. Уьш биъ бутт бу: тIаьхьий-хьалхий богIуш зул-хьидджахI а, зул-къаIдахI а, мухьаррам а бу, ша́ цхьаъ богIуш раджаб а бу.

[12] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́ний, «Табйи́нул-Iаджаб бима́ варада фи́ шахIри раджаб», 3-гIа агIо.