|
Ассаламу Iалайкум! Коьрта-Iуьйра кхаьбча марха хуьлий?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Схьагарехь, коьртаIуьйра бохучуьнца хьуна ала луург – хийра божаршна хьалха корта гойтуш лелаш хилча бохург ду. Вайна массарна а ма-хаъара, шена хийра боцучу божаршна хьалха (майра, да, ваша, деваша, ненаваша, и. кх. дI.) зуда коьртаIуьйра лелар къа дац, муххале а мегаш ду. Бакъду, кхиъна яьлла йолу йоI а, зуда а шен цхьаболчу гергарчарна хьалха (масала, дена а, девешина а, ненавешина а) коьртахь хIума йоцуш хилар гIиллакхе ца лору вайн къома юкъахь. Ткъа кхузахь дуьйцург иза дац, муххале а хьарам дерг ду – шен меженаш гайта мегаш боцучу божаршна хьалха зуда коьртаIуьйра лелар, йа вуьшта аьлча, шен хIусамера арайолуш шен хьулйан еза меженаш хьулйина а йоцуш, дIакъовла беззачул корта дIахьулбина а боцуш араялар. Иштта лелачу зудчо марха кхаьбча, марха хуьлий цуьнан цунах? Марха дохон бахьанех цхьа бахьана цо шегара далийтина ца хилчахьана, АллахIа тIедожийна долу парз марха тIера долу цунна, коьртаIуьйра лелаш йолуш кхобуш хиллехь а. Бакъду, и марха къобал хилар а, цунах цунна мел хилар а – иза АллахIан керахь ду, Цо Шена лаахь къобал дан а мега иза, мел хилийта а мега цунна, Шена ца лаахь ца хилийта а мега, хIунда аьлча иза коьртаIуьйра лелар шеко йоцуш къа ду. Ткъа, «со коьртаIуьйра лелаш ю, сан марха къобал ца хила а мега, суна мел ца хила а мега» аьлла, и бахьанехь марха ца кхобуш Iен мегар дуй аьлча, иза шеко йоцуш мегар дац. ХIунда аьлча, коьртаIуьйра лелар цхьа къа, марха ца кхабар – къаьсттина кхин къа ду. И бахьанех марха ца кхобуш дитича, цуьнга хаттам шиннех а бийр бу – марха ца кхабарна а, коьртаIуьйра леларна а. ХIокху хаттарх бахьана а дина, сайн нене а, йише а санна массо бусалба зудчуьнга ала лаьа суна: сан хьоме бусалба йиша, хIара мархин бутт АллахIана муьтIахь хилар совдоккху бутт бу, цундела, хIокху баттах хьайна бахьана а дей, айхьа кхобучу марханах бахьана а дей, хьой коьртаIуьйра лелаш елахь – коьрта хIума тилла, хьой хьайн меженаш хьулйан ма-езза хьулйеш яцахь – нийса духар тIедуха. Тахана хIокху дуьненахь а, кхана хьо къемат дийнахь гIаттийча а, АллахIана хьалха а, нахана хьалха а сийлахь хир ю хьо! Хьан сийлахьалла а, хьан сий а хьан керахь ду, хьуна иза кхио а, лардан а гIо дар хьан гергарчийн декхар ду. АллахI-Дала марз дойла вайна Шен дин! АллахIа гIо дойла вайна Шен дине дерза а, цу тIехь совца а!
|