|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! ХIора беттан 13, 14, 15 числохь марха кхаьбча чIогIа мелехь ду боха. Со ца кхетарг хIара ду: бусулбачу неха календарца я хIокхера календарца кхаба деза и денош, ният а муха дан деза царна?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Бусалба нехан «календараца» кхобуш ду и денош. Ниййат – «суннат марха кхаба» – аьлла дан деза. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 2010.11.04 = 1431.11.27
| КхидIа |