|
Видео |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Де дика хуьйла шу. Со астма йолуш йу. Дийнахь шозза-кхузза ингалятора гIо оьшу суна. Ингалятор лелош марха кхаба мегий? АллахI реза хуьйла.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Доьххьара, хьуна АллахI Дала маршалла дойла! ТIаккха, ингалятор лелош марха кхабаран хьокъехь Iеламнаха шина кепара аьлла ду. Цхьаболчара, бага и молха тоьхча марха ца духу аьлла, сивак хьаькхча ца дохаре терра. Ткъа вукхара, ингаляторца молха тоьхча марха духу аьлла. Цара иштта и аларан бахьана – молханийн Iилманчаша оцу молханах цхьадолу да́къа хьера (желудок) чукхочу олуш хилар ду. Иза цу кепара кийра кхочуш хилча марха доьхна лара деза аьлла цара. Цундела, аьтту белахь, марха кхобург и молха ца тухуш, ларвала хьаьжча дика хир ду. Нагахь санна ларвала хала делахь, са лецар чIогIа чIагIлуш делахь, ингалятор ца лелийча дикка хало-новкъарло хуьлуш елахь, марха ца духу аьлла болчу Iеламнехан дашна тIе а доьгIна тоха мегар ду и молха, Дала мукъа лахь, цомгаш волчунна аттонна. Цигара схьа довза йиш ю, лераме йиша, хьан хаттарна жоп а: нагахь санна хьо и ингалятор ца лелийча ца йолуш елахь, цуьнан гIо ца хилча хьуна дикка хало хуьлуш елахь, и магийна болчу Iеламнехан дашна тIе а тевжина, хьайгара хало дIайоллучул лело мегар ду ахь иза, Дала мукъа лахь. Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву. 16.06.2015 = 29.08.1436
|