Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Iуьйра ламазал тIаьхьа дIавижина волуш гIенах джунуб хилча (оралла араяларца лийчар тIедоьжча) марха духий? Йа дегIана цIано а йина дIакхаба мегар ду иза? Дела реза хуьлда!

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ГIенах оралла араялар бахьана долуш марха кхобучунна лийчар тIедоьжча – оцу хьолах «джунуб хилар» олу – марха доха ца духу, и хIума хиллачо шен марха кхидIа кхаба деза.

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «ГIенах лийчар тIедоьжча марха ца духу. Иза массо Iелам-нехан барт хилла хIума ду. ХIунда аьлча и хIума адаман лаамца хилла дац (цуьнга духатоха йиш йолчу кепара хилла дац)».[1]

Бакъду, и шена тIедоьжначу хIуманах цIанлуш лийча веза, цундела, кийра хи кхачарх ларлуш лийча а лийчина, шен марха кхидIа кхаба деза.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

30.08.2009

 


 

[1] Имам Ан-Нававий, «Ал-Маджму́I шархьул-мухIаззаб», 6\322.