|
Видео |
Кехат язде соьга |
Хаттар:
Дала диканца
бекхам бойла хьуна!
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! ХIокху хаттарехь дуьйцург тайп-тайпана ши хьал ду: 1. Доьзалхочух хилар бахьана долуш марха ца кхаьбча, иза доькхуш кхабар а; 2. Доьзалхо дуьненчу валар бахьана долуш марха ца кхаьбча, иза доькхуш кхабар а. Амма хьалхара хьал – зуда доьзалхочух елахь, (йа иза доьзалхо вакхош елахь), массо Iелам-нехан барт хилла бу цунна марха ца кхаба мегаш хиларна тIехь, нагахь санна цо марха кхаьбча йа цунна шена, йа цуьнан кийрара берана зен хиларна билггал кхерам белахь. Цул тIаьхьа, Iелам-нахана юкъахь хилпало ю (къовсам), цу зудчо ца кхобуш дитинчу марханан хьокъехь цо дан дезачунах лаьцна. 1) Хьалхалерачу цхьаболчу Iеламнаха – масала Ибн Iумара а, Ибн Iаббаса а – аьлла, хIора денна тIера мискачу нахана даар делчахьана, диссина марха доькхуш кхаба ца деза цо аьлла. 2) Кхечу Iелам-наха аьлла – масала Iалий ибн Абу-ТIолиба – марха доькхуш кхаьбчахьана йолу иза, цхьа а даар дала а ца дезаш. Абу Хьанифатан мазхIабехь дерг а ду хIара. 3) КхоалгIачу Iеламнаха аьлла, нагахь санна цо ша шена цхьа зен хиларх кхоьруш марха ца кхобуш дитинехь иза доькхуш кхаьбчахьана йолу иза, ткъа нагахь санна шен кийрара берана (йа шен дакхочу берана) зен хиларх кхоьруш цо марха ца кхаьбнехь цо иза доькхуш кхаба а деза, кхин а хIора денна тIера мискачарна цхьацца кан даар дала деза. ХIара Ибн Iумарера а дийцина цхьаболчара, ШафиIийн а, Ахьмадан а мазхIабехь дерг а ду иза. Доьххьаралераниг – диъ мазхIабан Iеламнаха тIелаьцна дац, далилашца ца догIу иза аьлла цара. Ткъа шолгIа дешан тешалла хьадис ду: «Бакъдолуш, АллахIа тIерадаьккхина некъахочунна ламазан ах дакъа а, берах йолчу зудчунна а, бер дакхочунна а тIера марха а».[1] Марха доькхуш кхаьбчахьана даар дала ца деза аьллачу Iелам-наха аьлла, - «оцу хьадисехь даар далар хьахийна а дац, и ши зуда цомгаш волчунах тера а ю, ткъа цомгачунна тIехь даар далар дац» - аьлла.
Делахь а, кхоалгIачу
Iелам-наха аьлла, - «оцу хьадисехь иза хьахийна дацахь а, хIокху айато:
Цундела, нагахь санна цхьана зудчо ша доьзалхочух хилар бахьана долуш, йа бер дакхош хилар бахьана долуш марха ца кхаьбнехь, иза хьажа еза, ша и марха ша шена зен хиларх кхерам болуш ца кхаьбна, йа шен берана зен хиларан кхерам болуш ца кхаьбна. Нагахь санна зен хиларан кхерам ша шена хиллехь, деккъа и марханаш доькхуш кхаьбчахьана йолу иза. Иштта доькхуш кхаьбчахьана йолу иза и кхерам шена а, шен берана цхьаьне хиллехь. Ткъа нагахь санна и кхерам шен берана бен ца хиллехь, тIаккха цо марханаш доькхуш кхаба а деза, хIора марханна тIера цхьацца кан даар дала а деза мискачу нахана.
Амма шолгIа хьал – доьзалхо винчу зудчо ца кхобуш диссина марханашна дан дезарг ду. Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла, иштта дитина марханаш декха дезаш хиларх лаьцна: «Ламазана ца мегаш йолу хан тIехIоьттина йолчу зудчо а, бер динчул тIаьхьа цIанйала езаш йолчу зудчо а марха кхабар нийса дац, йа иза цаьршинна тIедиллина а дац, муххале а хьарам ду цаьршимма марха кхабар; тIаккха и ца кхобуш диссинарг доькхуш кхаба а деза цаьршима. И дерриге хIума Iеламнехан барт хилла хIума ду».[4] Имам Ибн Къудáмас а (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла «Ал-МугIнú» тIехь: «Iелам-нехан барт хилла хIума ду, ламазана ца мегаш йолу хан тIехIоьттина йолчу зудчо а, бер динчул тIаьхьа цIанйала езаш йолчу зудчо а марха кхаба мегаш ца хиларна а, цаьршима рамадан баттахь марха кхобуш ца хиларна а, цаьршима (ца кхаьбнарг) доькхуш хиларна а тIехь». Цаьршинна ламаз дан а, марха кхаба а мегаш ца хиларна, ламаз декха а ца доькхуш, къаьсттина марха декха дезаш хиларна а тешалла ду, Муслима а, кхечара а Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина долу хьадис: «Делан Элчанан (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) заманахь, тхуна тIехIуттура ламазана ца мегаш йолу беттан хан, тIаккха тхуна омру дора марха доькхуш кхабарца, тхуна омру ца дора ламаз доькхуш дарца». Оцу хьадисехь юьйцург зудчунна хIора баттахь тIехIуттуш йолу хан ю, ткъа доьзалхо дуьненчу ваьллачул тIаьхьа йолу хан а уьзза хан ю, и шиъ цхьатера ю, цаьршинан хьукм цхьаъ ду, цундела цуьнан тешалла а уьзза хьадис ду. Беттан хан тIехIоьттинчу зудчо марха доькхуш кхаба дезарх лаьцна а аьлла Имам Нававийс, - «иза дерриге умматан барт хилла хIума ду» - аьлла. Цундела, оцу хьадисо а, умматан барт хилла хиларо а ма-гайттара, бер дар бахьана долуш диссина долу марханаш доькхуш кхаба дезаш ду.
Цу лакхахь долчунна тIе а доьгIна, хьан хаттарна доьххьала дIа долу жоп иштта хуьлу: хьуна хезнарг доьххьаралерачу хьолехь цхьаболчу асхьабаша аьлла ду, делахь а иза далилашца догIуш дац, ткъа шолгIачу хьолехь хьуна хезнарг нийса дац.
Дика хууш верг АллахI ву!
08/06/2010 |