|
Ассаламу Iалайкум! Мархин баттахь, лийчар тIедоьжна а волуш сахуьленга ваьллехь, йа яьллехь, марха хуьлий? Цо хIун дан деза? Дела реза хуьлда! Вассаламу Iалайкум!
Ассаламу Iалайкум! Марха кхаба ниййат динера ас, юха Iуьйра ламазана вижина виссира со, самаваьлча джунуб хилла а вара со. Ас хIун дан деза? Дела реза хуьлда хьуна!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дела реза хуьлда шуна а, массо бусалба нахана а! Нагахь санна цхьана стагана, йа зудчунна, мархин баттахь буьйсанна эвхьаза гIуллакх хилар бахьана долуш, йа гIенах шайтIано цхьа хIума гайтар бахьана долуш, йа муьлхха цхьа кхи бахьана долуш лийчар тIедоьжна а долуш, Iуьйра ламазана азан дахь, йа ламазана вижина а виссина, лийчар тIехь а долуш самавалахь, кхечу хенахь санна цкъа доьххьара лийча веза, тIаккха шен ламаз дан деза, цу дийнахь шен марха дIакхаба а деза. Лийчар тIедоьжна а волуш Iуьйренга ваьллачу стеган а, зудчуьнан а марха нийса ду, иза лийча везаш хиларо цуьнан мархина деш цхьа а асар дац. Марха кхобучу хенахь мегаш доцург – Iуьйра ламазана азан динчул тIаьхьа ша бахьана долуш лийчар тIе ца дожийтар ду. Азан дале хьалха лийчар тIедоьжча а, йа азана динчул тIаьхьа вижина волуш лийчар тIедоьжча а марха нийса ду, духуш дац. Цхьана хьадисехь деана ду: «Шух цхьаъ лийчар тIедоьжна а волуш Iуьйренга валахь, цу дийнахь марха ма кхобийла цо» - аьлла. Кхин а Абу ХIурайрера схьа а – Дела реза хуьлда цунна – деана ду, цо а уьзза олуш фатва луш хилла аьлла. Делахь а, доьххьаралера хьадис, йа шел тIаьхьадогIучу хьадисаша шен хьукм дIадаьккхина (мансух) хьадис ду - цхьаболчу Iелам-наха ма-аллара – йа кхидолу хьадисаш шел чIогIа долу хьадис ду, Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – ма-аллара. И хьадисаш вай жимма лахахь далор ду. Асхьабаш болчу хенахь – Дела реза хуьлда царна – Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – фатва делла хилла, лийчар тIедоьжна а волуш Iуьйренга ваьллачуьнан марха марха дац аьлла, цо кхи дIа кхаба а ца деза аьлла. Цуьнга иза дийцина хилла цхьана кхечу асхьаба. ТIаккха, Мединатан паччахьо Марвáна вахийтина Iабдуррахьман ибнул-Хьарис а, цуьнан кIант Абу Бакр а, Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ши зуда йолчу, Iаиша а, Умм Салама а йолчу, цаьршинга цу гIуллакхах лаьцна хатта аьлла. Цаьршимма хаьттича, Iаишас а, Умм Саламас а – Дела реза хуьлда цаьршинна – шиммо а цхьатерра иштта жоп делла: «Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIехIоттара Iуьйра ламазан хан, иза шен зудчунах лийчар тIедоьжна а волуш, тIаккха лийча а луьйче, марха кхобура цо». ХIара хьадис дийцина Бухарис а, Муслима а. Имам Бухарис – Дала къинхетам бойла цунах – хIара хьадис ша дийцинчул тIаьхьа аьлла: «ХIаммáма а, IабдуллахI ибн Iумаран кIанта а дийцина Абу ХIурайрера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта волчуьнга марха даста олу омру дора аьлла. Делахь а доьххьаралера хьадис иснадаца чIогIа ду (Абу ХIурайрера схьа дийцинчул)». Имам Муслима – Дела реза хуьлда цунна – шен «Ас-Сахьихь» жайни тIехь, «Лийчар тIедоьжна а волуш Iуьйра хан тIехIоьттинчуьнан марха нийса хиларан дакъа» цIе йолчу дакъана юкъахь дийцинчу хьадисехь ду, Iабдуррахьман ибн Ал-Хьариса а, цуьнан кIанта Абу Бакра а шаьшшинга Iаишас а, Умм Саламас а дийцинарг Абу ХIурайре дийцича, Абу ХIурайра кхечу асхьаба шега аьлларг бахьана долуш ша луш хиллачу фатвах юхавелира аьлла, «и гIуллакх цаьршинна гIолий хаьа» олуш. Имам Муслима дийцинчу хьадисехь ду, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – лийчар тIедоьжна а волуш ша Iуьйренга ваьллачу дийнахь марха а кхобура, и де доькхуш а ца кхобура цо, аьлла. Имам Муслима кхин цхьа хьадис а дийцина Iаишатера – Дела реза хуьлда цунна – схьа, «Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу цхьа стаг веара, тIаккха цо цуьнга элира – неIара тIехьа йолчу суна хаза а хезаш – «ХIай Делан Элча, со джунуб а волуш Iуьйра ламазан хан тIехIутту суна, марха кхаба дезий ас?» Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира тIаккха: «Суна а хIутту Iуьйра ламазан хан тIе, со джунуб а волуш, (хIетте а) ас марха а кхобу». Цо элира тIаккха: «Хьо тхо санна ма вац хIай Делан Элча, хьуна Дала геч ма дина хьан къинойх хьалха хилларг а, тIаьхьа хилларг а!» ТIаккха цо элира: «ВаллахIи (АллахIаца дуй буу ас), шух уггар чIогIа Делах кхоьрург а, Цунах кхера везаш долу хIуманаш уггар дика девзарг а хиларга догдохуш ма ву со».
|