|
Видео |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан дисина марханаш 100 сов дара, цхьа 20 шо хьалха кхабанза. Царна тIера гIуда делча хIора шарахь цхьацца тIе а тухуш, 2000 сов сахь дала деза. Сохь оццул ахча дац. ХIун дан деза ас? Бехказло лорий Рамадан бутт кхабар фард дуй цахаар? И гIуда хIора шарахь тIекхетий хIинце бен ца хиича?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Нагахь санна, цхьана шарахь айхьа ца кхобуш дитина марханаш тIедогIучу шеран мархин бутт тIекхачале доькхуш кхаба дезий хьуна хууш ца хиллехь, нагахь санна уьш иштта тIаьхьататтар хьарам хилар хьуна хууш ца хиллехь, ахь цу марханаш тIера гIуда дала ца деза, хIунда аьлча иза хьуна бехказло лору.[1] Дикка само елахь, гIуда тIедожар хьуна хууш хилла цахилар дац вай дуьйцург, тIебогIу мархин батте декха ца доькхуш тIаьхьататта ца мегий хууш цахилар ду. Цундела, хьожур ву хьо айхьа ца кхобуш дитинчу марханашка – уьш тIедогIу мархин бутт тIекхачале доькхуш кхаба дезий хаьара хьуна йа ца хаьара? Хууш ца хиллехь – гIуда ца дужу хьуна тIе. Хууш хиллехь – хууш хиллачу мархин тIера дуьйна гIуда дужу. И цхьаъ ду. Нагахь санна тIаьхьататтар хьарам дуй хьайна хууш хиллехь, хIокху шолгIачуьнга хьожу хьо. ШолгIаниг – доькхуш ца кхобуш цу кепара тIаьхьататтар хьарам дуй хьайна хуъушехь, марханаш ца кхаба магош долу бахьана а доцуш, ахь уьш ца кхобуш цхьана шарал сов тIаьхьататтахь, цу хIора кхабаза ахь дуьтучу мархин тIера гIуда хIора шарахь цкъа (цхьацца) тIекхета хьуна. Масала, итт шо хьалха ахь кхабаза дийнна цхьа мархин бутт битинехь, ахь и ткъеитт марха доькхуш кхаба аьтту а болуш, ца кхаба бахьана а доцуш, уьш декха ца доькхуш итт шо далийтинехь, ткеъитт мархин гIуда итт шарахь иттозза тIекхета хьуна, цундела 300 хуьлу уьш. Иштта ду вайн мазхIабехь цу хаттаран хьокъехь аьлла долчу шина дешах нийса дерг, йа вуьшта аьлча, чIогIох лерина дерг. Амма, шолгIа дош а ду кхузахь, гIийла доцуш, чIогIа, шен тешаллаш (далилаш) чIогIа долуш. Цундела, вайн мазхIабера цхьаболу Iеламнах цунна тIетевжаш хилла а бу.[2] Ткъа, вайн махкахь лаьттинарг санна долчу хьолехь а, къаьсттина хIинца ахь дуьйцучу хьан хьолехь а, цу тIетовжа мегар ду хьо, йа хьуна цу тIетевжина жоп дала а мегар ду дешна-стага. И бохург хIун хуьлу – ахь оцу итт шо хьалха дуьйна доькхуш кхабаза диссинчу марханийн гIуда цхьана шарана бен тIе ца дужу хьуна, цхьана шарахь диссинчу марханийн цкъа цхьа гIуда делчахьана волу хьо, бохург хуьлу. Хьан хьолехь иштта хила йиш ю иза, Дала мукъа лахь. Цундела, тIебогIу мархин бутт тIекхачале доькхуш кхабаза диссинчу хIора мархин цкъа (цхьа) гIуда делча волу хьо, Дала мукъа лахь. Кхуьнан хьокъехь цакхеташ хIума диссинехь - хаийта, кхечу дешнашца нисдан хьовсур ду вай, Дала мукъа лахь. ТIаьххьара, хьан хаттар юкъахь деана долу жимма гIалат нисдан догIу – гIудана дала дезарг сахь дац (саьхьан барам бац), цхьа кан даар ду (цхьанан кенан барамехь даар ду). Цунах а, шо дузале марха декха дезаш хиларх а лаьцна вай дийцира хьалха хIокху хаттарна деллачу жоьпехь: «Диссина марханаш доькхуш кхабар». Оцу веза хилла волчу АллахI Дала къобал дойла хьан марханаш а, ерриге кхийолу дика Iамалш а. Вайн массеран кхачамбацаршна, гIалаташна, къиношна геч а дойла-кх Цо. Ткъа дика хуург веза-сийлахь волу АллахI ву! 25.02.2017 = 28.05.1438 [1] Имам ал-ХIайтамий, «Тухьфатул-мухьтаж», 1/719; Имам СаIид Ба́Iишн, «Бушрол-карим бишархьи масаили-ттаIлим», 580; Имам Мухьаммад Нававий ал-Джавий, «НихIайату-ззайн», 192. [2] Имам ан-Нававий, «Ал-мажмуI шархьул-мухIаззаб», 6/363-364; Имам ад-Дами́рий, «Ан-нажмул-ваххIаж», 3/342.
|