|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум бусулбанаш! Цхьа хаттар дара сан. Сан ненан сахарный диабет олуш долу цамгар гучдаьлла. ХIокху тIаьхьара мархийн баттахь цхьа ши кIира тIехдаьлчхен садеIар, лелар хала долуш кхидIа ца кхаьбна цо. Иза балхахь хилар а ду цуьнан и хало алсам яккхаран бахьана. Вайн цхьа гергар стага сагIийна хIума елча мегар ду аьлла, иза дан сацам хилира цуьнан. Со хатта гIертарг хIун ду аьлча, гергарчу стеган метта кхобуш долу марханаш и стаг дийна волуш а кхаба мегаш дуй? Ас тIекхаба мегар дуй цуьнан дисина долу и марханаш? Мегаш делахь, айса кхобуш ду аьлла сайн нанна хаийта дезий ас, я ца аьлча а хIуммаъ дац? Дела реза хуьлда шуна! Дала диканца бекхам бойла! ХIара сайт йиллина волу Олхазарна Дала ял лойла, Дала Шен дуьхьа дойла!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! «Сахарный диабет» цIе йолу цамгар кхеттарш тайп-тайпана хуьлу. Цхьаболчаьрга марха кхабалуш хуьлу, вукхаьрга марха ца кхабалуш хуьлу. Марха кхабалучарна тIехь ду шайн марха кхабар. Ткъа иза ца кхабалурш а шина кепара бу: тIейогIучу хенахь доькхуш кхабалур дерш а, кхин кхаббане а марха кхабалур болуш бац аьлла генаяьлла цамгар кхетта берш а. Доьххьаралерачара шайн аьтту ма-баьлла марха доькхуш кхаба деза, шолгIа мархин бутт тIеба́ле; нагахь санна аьтту а болуш шолгIа мархин бутт тIеба́ле цара иза доькхуш ца кхабахь, декха дезар тIера а ца долу царна, хIора марханна тIера цхьацца кан даар даларца гIуда а дужу царна тIе. Иза вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь: Диссина марханаш доькхуш кхабар ШолгIачу хьолехь болчарна марха ца кхаба мегаш ду, делахь а, оцу мархин метта даар дала деза цара мискачу нахана, хIора денна тIера шаьш дехачу меттера юкъарчу даарх цхьацца кан. «Сахарный диабет» цамгар йолчу стеган хила мегаш долу хьелаш а, хIора хьолехь дандезарг а дара и вай дийцинарг.[1] Амма хьан хаттарх лаьцна аьлча – дийна волчунна тIера марха кхаба мегаш дац цхьамма а. Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Вайн мазхIабера Iелам-наха а, кхиболчара а аьлла: «Цхьанна а тIера марха кхобуш дац иза дийна волчу хенахь; цу тIехь къовсам а бац; башхула а яц, иза (марха ца кхабалучу кепара) гIорасиз хилча а, йа ницкъ кхочуш хилча а».[2] Цундела, нагахь санна хьан нене тIейогIучу хенахь марха доькхуш кхабалур долуш делахь, шега иза кхабалучу хьоле яллалц марха ца кхаба мегаш ду цунна, кхин цул совнаха тIедужуш хIумма а дац цунна. Нагахь санна тIейогIучу хенахь а марха кхабалур доцуш хьал делахь, лоьраша цуьнан цамгар туолун йолу цамгар яц аьлла хьал делахь, тIаккха иза къаналла бахьана долуш гIорасиз хиллачу нахах тера ю, ткъа цара марха ца кхаба а мегаш ду, делахь а хIора денна тIера цхьацца кан даар дала деза цара, иштта хьан нанас а. Иза дийна а йолуш цунна тIера марха кхабар нийса лорур дац. Веза хинволчу АллахIа маршалла дойла хьан нанна! Амин! Дика хуург сийлахь АллахI ву! 27.12.2009 - 1431.01.10 [1] «Фатава аш-шабакатил-исламиййахI», № 9854. [2] Имам Ан-Нававий, «Ал-маджмуI шархьул-мухIаззаб», 6/371.
| КхидIа |