Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Цхьа хаттар дара сан хьоьга Олхазар. Сайн 15 шо кхаьччахьане кхабаза дисина долу парз марханиш дIанис дан лууш яра со (кхаба шадериш). Уьш 10 бутт хуьлу (юкъ-юкъара кхаьбна ас хIора шарахь, амма кхочуш бутт кхаьбна бацара кху тIаьхьара шина шарахь бен). Уьш муха кхаба деза ас? Муха нис дан деза? Суна хезнера хIора понедельник четверг кхаьбчи меттахIутту аьлла кхабаза диссина парз марханиш, иштта дуй и? Нигат муха дина кхаба деза уьш? Хьай аьтту белахь суна поподробнее ответ лахьара ахь! Дела реза хулийла хьуна!

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Лераме йиша, кхабаза диссина долу марханаш доькхуш кхабарх лаьцна жимма алсам вай дийцира хьалха кхузахь: «Диссина марханаш доькхуш кхабар»; «Сайн дисина марханаш декха лаьара суна...»; «Диссина ламазаш а, марханаш а доькхуш кхабар».

Цигахь вай элира, диссина долу марханаш доькхуш кхаба а деза, уьш доькхуш кхаба аьтту болуш хьал делахь шолгIа мархин бутт тIебале хила а деза иза, нагахь санна кхаба аьтту а болуш, шолгIа мархин бутт тIебале уьш доькхуш ца кхабахь хIора мархин тIера цхьацца кан даар дала а деза, нагахь санна аьтту а болуш уьш доькхуш ца кхобуш масийтта шо да́лахь и даар оцу хIора шарахь цкъа тIе а кхета аьлла.

Цундела, хьан хьоле вай хьевсича, айхьа кхаба дезар мас марха ду билгалдан деза ахь доьххьара. Берриге бутт ца кхобуш итт шо даьлла хьан, ахь бохучух со нийса кхеттехь. Цундела, доьххьаралера шарахь айхьа мас марха кхаьбнера хьажа еза хьо; нагахь санна хьайна билггал дага ца дагIахь, уггар кIеззиг хIоккхул-м кхаьбна ас аьлла хьайна хеташ долу терахь схьаэца деза ахь, йа вуьшта аьлча, декха дезаш долчу марханийн алсам долчу терахьана тIетовжа еза хьо. Масала, хьо шек ю, ас оцу доьххьара баттахь 5 марха кхебира-те, йа 7 кхебира-те, йа итт кхебира-те аьлла. 5 кхаьбна хилар билггал ду аьлла хеташ ю хьо, важадерг билгал дац хьан, шеконехь ду хьан. Хьо тIетовжа езарг уггар кIеззиг дерг ду, иза 5 марха кхаьбна хилар ду, декха дезарг 25 хилар а ду. Иштта и дийр ду ахь шолгIа шарна а, кхоалгIа шарна а, иштта оцу итт шарах кхидIа диссина долчу шерашна а. ТIаккха, масала доьххьаралера шарахь 25 марха диссина сан, цул тIаьхьа долчахь 20 диссина сан, цул тIаьхьа 18 диссина сан аьлла, билгалдевр ду хьуна хьайн диссина марханаш.

ТIаккха, хьайн аьтту ма-ббу, хьайна дукха зен а ца деш, хьайн кхаба аьтту бол-болчу хенахь уьш доькхуш кхаба йолалур ю хьо. Суна хетарехь хьуна уггар атта хир дерг де доца долчу хенахь алсам кхабар хир ду, ткъа иза Iаьн тIехь хуьлу. Iай де доца хуьлу, цундела цу хенахь ахь атта кхабалур ду хьоьга, цундела цу хенахь алсам кхаба хьажа еза хьо. Хьайн ницкъ хилахь, хьайга кхабалуш а хилахь, масала, цхьацца де юкъа а до́луьйтуш кхаба мегар ду ахь цу хенахь, цхьана дийнахь кхобуш, вукху дийнахь ца кхобуш. Иза хьайна хала хилахь, шишша де юкъадо́лийта мегар ду, йа кхоккха де юкъадолийта мегар ду, йа хьайна лаахь – ахь айхьа ма-аллара – оршот дийнахь а, еарий дийнахь а кхаба мегар ду. Ткъа и ши де дерриге шара чохь кхаба хьажа а мегар ду хьо. Оцу кеппара, жим-жима довлуш, цхьана кхаа-деа-пхеа шарахь чекхдевр ду хьан уьш, Дала мукъа лахь.

Нагахь санна хьайна дика хир ду аьлла хетахь, «диетологана» тIе яха мегар ду хьо, хьой иштта марханаш кхаба дезаш ю, хьайна новкъарло хир йоцучу кепара, зен хир доцучу кепара, хьайн дегIехь тоьъачул ницкъ хуьлуьйтур болчу кепара яахIума хьеха хьайна аьлла. Юуш йолу яахIума дегIана оьшу-оьшург дIакхачочу кепара хилча, марха кхаба атта хир ду хьуна, Дала мукъа лахь, хьайна дегIана зен а дийр дац ахь, хьайн гIулкхана-балхана новкъарло а йийр яц ахь. Иза нагахь санна хьуна оьшу аьлла хетахь ахь дан мегар дерг ду.

ТIаккха, оцу марханашна ахь нигат дечу хенахь, «диссина долу парз марха кхаба нигат до ас, Дела доьхьа» аьлла нигат дийр ду ахь; хьайна лаахь «сайн диссина долу парз марха Дела доьхьа доькхуш кхаба нигат до ас» ала а мегар ду ахь. Кхин совнаха долу хIуманаш хьехо оьшуш дац хьуна.

ТIаккха, кхаба аьтту боллушехь шолгIа мархин тIебале ца кхобуш диссина долчу хIора мархин тIера цхьацца кан даар дела деза элира вай. Цуьнан хьокъехь ахь дан дезарг аьлча, масала доьххьаралера шарахь хьан 25 марха диссина хилча, цул тIаьхьа ахь уьш доькхуш ца кхобуш мас шо даьлла хьажа еза хьо. Ахь хьайн диссина дерг итт шо ду бохуш хилча, цул тIаьхьа шина шарахь айхьа берриге бутт кхаьбна бохуш хилча, 12 шо даьлла хуьлу ахь доьххьаралера шарахь диссина марханаш доькхуш ца кхобуш. И ткъе пхи марха шийттозза вовшахтоха деза ахь, тIаккха цуьнан жамI 600-650 грамм даарна тIетоха деза ахь. Иштта хир ду иза: 25 × 12 × 650 гр = 195000 гр (195 кг). Нагахь санна ахь хIокху шара чохь и ткъе пхи марха доькхуш кхабахь, оцу доьххьаралерачу шарахь дуьйна диссина долчу марханашна тIера ахь дала деза даар 195 килограмм хуьлу. Цуьнан мах хIун бу хьайна хаа лахь, хьой ехачу махкахь наха кхачанна лелош долчу дааран цхьана киланан мах хIун бу хьожур ю хьо, тIаккха и и 195 оцу мехаца вовшахтухур ду ахь. Масала, цхьа кила «гречкан» мах 15 сом белахь, 195 × 15 = 2925 сом хуьлу ахь оцу шарана тIера даар эца дезаш долу ахча.

ТIаккха, оцу 12 шара чохь нагахь санна цхьадолу шераш ахь марха ца кхаба мегаш долу бахьана хьоьца хIоьттина а долуш дIадевллехь, и шераш цу юкъадохуьйтур дац ахь. Масала, оцу 12 шара чохь хьо цхьана шарахь цомгаш хиллехь, ахь даар даларна ла́ра дезарг 11 шо бен ца хуьлу. Масала оцу 12 шара чохь 4 шарахь хьо доьзалхочух хиллехь, йа доьзалхо вакхош хиллехь, ахь лара дезарг 8 шо бен ца хуьлу.

ТIаккха, масала ахь хIокху шарахь оцу доьххьаралера шеран 25 а, шолгIачу шеран 20 а, кхоалгIачу шеран 18 а кхобур делахь, хIинца вай ма-дийццара шолгIа шаре хьожур ю хьо, кхоалгIачу шаре а хьожур ю хьо. ШолгIачу шеран марханаш ахь доькхуш ца кхобуш яьлла хан 11 шо хир ю, кхоалгIачу шераниш ца кхобуш яьлла хан 10 шо хир ю, иштта кхидIа а. Нагахь санна цу юкъахь цхьадолу шераш ахь марха ца кхабаш мегаш долчу бахьанашца хиллехь, уьш юкъара дохур ду ахь, тIаккха доьххьаралерачу шарахь санна и денош оцу шерашца вовшахтухур ду ахь, тIаккха цуьнан жамI 650-ца вовшахтухур ду ахь, иштта айхьа оцу хIора шарана тIера дала дезачу дааран барам билгалбера бу хьуна.

ТIаккха, тIаьххьара хьуна хаийта лаьа суна, цхьаболчу Iеламнаха оцу марханашна тIера и даар далар важиб дац аьлла, и дала оьшуш дац аьлла. Делахь а, вай жоп лург шафиIий мазхIабехь дерг ду, ткъа шафиIий мазхIабера Iеламнаха хIора мархин тIера и даар далар важиб ду аьлла ду.

Иштта и ду ахь дан дезарг оцу марханийн хьокъехь.

Ткъа дика хуург АллахI ву! 

23.08.2012 = 05.10.1433