|
Видео |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Кхи цхьа хаттар дара са шуьга, сун бехка ма билла хаттарш дукха дарна. Мархи баттахь зудчуьна цхьацца бахьанаш 1итталой и мархи бутт буьса-кх кхабаза, (доьзалхочух хуьлийла иза йа кхи цомгаш хуьлийла иза), х1ун дан деза цо? Доькхаш кхаба деза йа кхи х1умма дуй цигахь дан дезаш? Дала диканца бекхам бойла
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Оьшург хаттар бехке дац, муххале а ваьшна ца хуург хуучаьрга хаттар тIедиллина ду вайна лекха хинволчу АллахIа. Цхьана стеган, йа зудчуьнан, кхабаза парз марханаш диссинехь, цо уьш доькхуш кхаба деза тIебогIу мархин бутт тIекхачале. Шега кхабалушшехь цо и шен диссина марханаш шолгIа мархин бутт тIекхачале доькхуш ца кхабахь къа хуьлу цунна. Шен диссина марханаш шолгIа мархин бутт тIекхаччалц тIаьхьататтар хьарам дуй хуъушехь, цхьамма – стага йа зудчо – и марханаш шолгIа мархин бутт тIекхаччалц доькхуш ца кхобуш дитахь, цкъа и шена тIехIоьттина болу мархин беттан марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа доькхуш кхаба а деза цо уьш, оццул уьш тIахьататтарна гIуда а дужу цунна тIе – хIора мархина тIера цхьацца кан (650 грамм) даар дала а деза цо мискачу нахана. Нагахь санна цо шега кхабалушшехь и марханаш доькхуш ца кхобуш масийтта мархин бутт тIекхачийтахь, хIора шарахь цхьаццозза тIекхета и гIуда. Амма нагахь санна цхьамма шен диссина марханаш, марха даста бакъо луш долу бахьанаш бахьана долуш шолгIа мархин тIебале ца кхаьбнехь, цунна тIе гIуда ца дужу, и бахьанаш дIа ма-девлла доькхуш кхаьбчахьана волу иза. Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах: «Нагахь санна цхьанна тIехь рамадан беттан марханаш делахь доькхуш кхаба дезаш, тIаккха цо уьш доькхуш кхабар цхьана мегаш долчу бахьанийна тIаьхьататтахь – масала цуьнан цамгар дIа ца яларна, йа иза некъахо волчура ца вáларна – мегар ду цунна уьш тIаьхьататта, и бахьанаш лаьтташ мел ду, цо масийтта шарахь тIаьхьататтахь а. Иштта, цхьана бахьанийна тIаьхьатеттинехь гIуда дала а ца деза цуьнан, цунна тIе масийтта рамадан бутт хIоьттинехь а; шен диссинарг доькхуш кхаьбчахьана волу иза, хIунда аьлча оцу бахьанашца мегаш ду рамадан беттан марханаш кхабар тIаьхьататта, ткъа уьш доькхуш кхабар тIаьхьататта магар кхин а хьалхе йолуш ду. Ткъа нагахь санна цуьнан цхьа а баьхьана дацахь, шолгIа рамадан бутт тIекхаччалц тIаьхьататта мегар дац… муххале а, тIедогIучу шеран рамадан бутт тIебале декха деза цо уьш… Ткъа нагахь санна цо уьш декха ца доькхуш, тIебогIу рамадан бутт тIехIотталц тIаьхьататтахь – къа а латийна цо, карара мархин бутт кхаба а беза цо, цул тIаьхьа, дIабаьлла болчу рамадан беттан диссина марханаш доькхуш кхаба а деза цо, декха ца доькхуш дитинчу хIора денна тIера цхьацца кан даар гIуда а дужу цунна тIе, шолгIа рамадан бутт тIехIоттарца».[1] Оцу хьукманан тешалла ялх асхьаба делла фатва ду, Имам Мáвардийс а, кхечара а ма-аллара.[2] Церах цхьадерг нийсачу иснадаца дийцина ДáрукъутIнийс. И хьукм билгалдеш, кхета атта хилийта, масал далор ду вай. Масала цхьана зудчуьнан 2006-чу шеран мархин беттан итт марха кхабаза диссина, йа берриг бутт биссина, доьзалхочух хилар бахьана долуш, йа цомгаш хилар бахьана долуш. Оцу хенахь дуьйна цуьнан цамгар дIа ца яьлла, йа доьзалхо дуьненчу ваьллачул тIаьхьа иза вакхо дезна цуьнан. Иштта и бахьанаш долуш 2007-чу шеран мархин бутт тIехIоьттина. Кхузахь, оцу зудчуьнан дерриге шарахь бахьана хилла, марха ца кхаба магош долу, цундела цо и бахьана долуш шен диссина марханаш доькхуш ца кхаьбна шолгIа мархин бутт тIехIотталц. ХIун дан деза цо? Цо шен и бахьана дIа ма даьллинехь шен диссина марханаш доькхуш кхаба деза. ГIуда дужий цунна тIе? Ца дужу, хIунда аьлча цо уьш декхар тIаьхьататтаран бахьана хилла, марха ца кхаба магош долу. Ткъа нагахь оцу зудчунна мегаш хиллехь, ша шен бер дакхош йоллушехь шен диссина марханаш доькхуш кхаба, йа цхьайолчу хенахь цуьнан цамгар дIаайлуш хиллехь, марха кхаба мегачу кепара, хIетте а цо уьш шолгIа мархин бутт тIекхаччалц тIаьхьатеттинехь, хIун дан деза цо? И мархин бутт дIабаьлча доькхуш кхаба а деза цо уьш, гIуда дала а деза цо хIора денна тIера цхьацца кан даар, хIунда аьлча цо шега кхабалушшехь уьш тIахьатеттина дела. Нагахь санна ца кхеташ хIума делахь хатта, ийза ма ло.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
2008 шо. |