Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Сан хаттар: Ас дешна Дауд пайхамаран (Дела реза хилла цунна) мархех лаьцна, цхьана дийнахь кхобуш, вукху дийнахь садоIуш хилла аьлла. Цунах лаьцна дерриге а хаа лаьара суна. Ниййат муха дан деза а. Дела реза хуьлда хьуна.

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «АллахIана уггар дукха дезаш долу марха Давудан марха ду, АллахIана уггар дукха дезаш долу ламаз а Давудан ламаз ду: ах буьйсанна наб еш хилла цо, буьйсанан кхоалгIа дакъа ламаз деш йоккхуш хилла цо, буьйсанан ялхолгIа дакъа (диссича юха а) наб еш хилла цо, цхьана дийнахь кхобуш, вукху дийнахь ца кхобуш (цхьацца де юкъа а дуолуьйтуш) марха кхобуш а хилла цо». ХIара хьадис Бухарийс а, Муслима а, Абу Давуда а, Насаийс а, Ибн МаджахIас а дийцина.

Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла хилла IабдуллахI ибн Iамре (Дела реза хуьлда цунна): «Цхьана дийнахь марха кхаба, вукха дийнахь ма кхаба. Иза Давудан марха ду, Делера салам хуьлда цунна. Иза уггар дика (деза) марха а ду». ХIара хьадис а Бухарийс а, Муслима а, кхиболчара а дийцина.

Оцу хьадисаша билгал ма-дарра, Давуд-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) кхобуш хилла долу марха уггар дика марха ду, парз марха дIадаьлча. Уггар деза марха рамадан баттахь хIора дийнахь кхобуш долу парз марха ду. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцина сийлахь АллахIера схьа, иштта маьIна долу дешнаш: «Сан лай Суна герга вогIуш, цо дина долу уггар Суна дукха дезаш долу хIума – Ас цунна парз дина тIедожийна дерг ду». (Бухарий). ТIаккха парз марханал тIаьхьа уггар деза марха Давуд-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) марха ду. Цхьацца де юкъа а дуолуьйтуш кхобуш долу марха ду иза. Тахана кхобуш, кхана ца кхобуш, кханаIийча кхобуш, ула ца кхобуш, иштта кхидIа.

Оцу марханан цхьа къаьсттина ниййат дац. Суннат марха кхаба ниййат дичахьана тоьаш ду цунна. Суннат марха кхаба ниййат а деш, цхьацца де юкъа а дуолуьйтуш кхаьбча, Давуд-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) марха хуьлу иза.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

20.12.2009