|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Цхьа хаттар кхолладелла сан... ХIинца вайна боьдуш сийлахь мархийн бутт бу, амма со цергийлор тIе ваха везаш хьал ду. ХIун дан деза ас? Со лор волчохь волуш сан легаш чу молха я цIий дахча, сан марха духий? АллахI реза хуьлда хьуна Олхазар.
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Легашка хIумма а ца кхочуьйтуш церг дIаяккхарх марха ца духу, хIунда аьлча церг яккхар, йа цунна дарба дар марха дохочу бахьанех дац. Нагахь санна церг дIайоккхучу хенахь, йа цунна дарба дечу хенахь легашка хIума йодахь, хуьлийла иза цIий, хи, йа туй доцург кхийолу хIума – тIаккха марха духу. Иштта доьхна долу марха юха кхаба а деза. Бусалба ФикъхIан Мажлис цIе йолчу, Iелам-нехан йоккхачу кхеташоно марха дохочу а, ца дохочу а хIуманех лаьцна бинчу сацам юкъахь деана ду: «Цергана дарба деш Iуьрг даккхар а, кхела дIаяккхар а, цергаш цIанйар а, сивак хьакхар а, цергийн щетка хьакхар а (марха дохочу бахьанех дац), легашка хIума кхачийтарх ларвелчахьана».[1] Цундела, нагахь санна сарралц сатохалур долуш хьал делахь собар дича гIолий ду цергийлоьрана тIе дийнахь ца воьдуш. Нагахь санна са тохар хала долуш хьал делахь, йа суьйранна марха даьстинчул тIаьхьа цергийлор болх беш вацахь, тIаккха мегар ду церг дIаяккхийта ваха. ТIаккха, нагахь санна иза дIайоккхучу хенахь, йа цунна дарба дечу хенахь легашка цхьа хIума а кхаьчна, марха дохахь, и де юха доькхуш кхаба деза. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 14.09.2009
|