|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Марха долуш цергаш йила мегий?
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Марха кхобучо цергаш йила мегар ду, легашка хIума ца кхачийтичахьана. Иза мегаш хилар тера ду ламаз оьцуш бага хи кхарза мегаш хиларх. Цергаш юьлучу хенахь легашка хи кхачийтарх ларвала веза, йа цхьа кхин хIума кхачийтарх а ларвала веза. Цундела, пастанца ца йилар гIолий ду уьш, хIунда аьлча цуьнан чам а, хьожа а чIогIа йолу дела, цунах цхьа хIума кийра ца кхочуьйтуш ларвала хала долу дела. Ткъа нагахь санна ша ларлур ву аьлла хетахь, пастанца йила а мегар ду, Дала мукъа лахь. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 18.09.2009
| КхидIа |