Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Сан нана ю цомгуш, рак ю цунна, марха кхаба ницкъ бац цуьнан. ЧIогIа сагатдо цо, шега марханаш кхаба ца ло дела. Сан хаттар: тIехь дуй цунна марханаш? Ас кхаба мегий цуьнан метта марханаш? Йа хIун дича дика хир ду? Со цуьнан йоI ю. АллахI реза хуьлийла хьуна.

Иштта кхин цхьа бусалба йиша яра хаа лууш, цуьнан да ву рак йолуш, са доллу хаттарш ду цуьнан а. Кхин а, шайн дас ца кхобуш диссина марханаш тIера ахча Сомалихь болу меца нахана дахьийтича мегар дарий бахара цо. Мегар делахь, цхьана мархана тIера мел хуьлу иза?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ЧIогIа зен деш йолу, йа чIогIа лазам латтош йолу, йа чIогIа хало еш йолу цамгар елахь марха ца кхаба мегаш ду. Цундела, хьан нанас мархин хьокъехь сагатдан ца оьшу, хIунда аьлча Дала магийна ду цунна ишттачу хьолехь марха ца кхаба. Ша цомгаш яцахьара цо кхобур дара уьш, цуьнан и лаам а, ниййат а хиларна Дала ме́л хилийта а тарло цунна, Дала мукъа лахь. Цундела цуьнга са ма гатде ала.

Нагахь санна тIейогIу йолчу хенахь ша́ та́лахь, шен аьтту ма-хилланехь доькхуш кхобур ду цо хIинца ша́ ца кхобуш долу марханаш.

Нагахь санна и цамгар дарба далур йолу цамгар яцахь, марха кхабар цунна тIехь дац. Нагахь санна иштта оцу кепара хьолехь и елахь, дарба далур доцучу цамгаро лаьцна и елахь, Дала цунна тIедожийна дац марха кхабар. Делахь а, ша́ иштта хIокху хьолехь елахь, хIора ша́ ца кхобуш долчу денна тIера мискачу нахана цхьацца кан (600-650 грамм) даар лур ду цо мискачу нахана сагIийна, ша ехачу меттера наха лелочу юкъарчу даарх. Иза доцург кхин хIумма а дац цунна тIехь.

ХIинца вай дийцинарг санна долу жоп ду оцу бусалба йишийна а. Марха ца кхабалуш йолу цамгар йолуш волчу стагана тIехь дац марха кхабар. Нагахь санна иза оцу цамгарх толур волуш велахь (иза лоьрашна хуург хир ду, цунна дарба далур делахь а, дацахь а), ша́ товелча хIинца шен диссина марханаш доькхуш кхобур ду цо. Нагахь санна цуьнан цамгар толур волу цамгар яцахь, даим лаьтташ йолу цамгар елахь, тIаккха цо мархин беттан хIора денна тIера цхьацца кан (600-650 грамм) даар лур мискачу нахана сагIийна. И доцург кхин хIумма дан ца деза цо.

ТIаккха, ца кхобуш диссинчу марханаш тIера луш долу ахча муьлхха а мискачу нахана дIадала мегаш ду, Сомалира бусалба нахана дахьийта а мегаш ду. Ткъа цуьнан барам – иза цхьа кан даар ду, и стаг вехачу махкахь массо наха юкъара лелош долу даар. Масала, цигахь лелориг дуга делахь, 650 грамм дуганан мах хIун бу а хьаьжна, хIора денна тIера и мах дIабала мегар ду цо.

Ткъа дика хуург АллахI ву.

15.08.2012 = ‏27‏.09‏.1433