|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум Олхазар. Воспаление легких йолуш, лечени йина больницера со араваьлла ши бутт хан йац, лоьраша соьга марханаш кхаба мегар дац боху, ткъа ас цхьа а марх дохийна дац, марх кхабар тIехь дуй суна?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Хууш ма-хиллара, цомгаш волчу стагана тIехь дац марха кхабар. Марха ца кхаба магош йолчу цамгаран хадам, Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлийс дийцарехь, иштта бу: «Шеца марха кхабарца чIогIа хало хуьлуш йолу цамгар ю иза, йа марха кхаьбча хIаллакьхиларна кхерам болу цамгар ю иза, йа цамгар совяларна кхерам болуш ерг ю иза, йа дарба хилар меллаша да́ларна а, тIаьхьадиссарна а кхерам болу цамгар ю иза. Нагахь санна цомгаш волчунна марха кхаьбча хуьлуш зен дацахь, масала кIамдар (гирза) долуш велахь, йа кхе́ла, йа пIелг лозуш велахь, йа IаьржабIаьрг йолуш велахь, йа иштта оцу кепара йолу цамгарш елахь, марха ца кхаба а, дохон а мегар дац».[1] ТIаккха, иштта и хадам хьахочу хенахь, цунна билгалдаккхар дина Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлийс, лоьраша марха ца кхаба магош йолу цамгарш юьйцуш. Царна юкъахь цо хьахийна ю хьан цамгар а – пехашна воспалени хилар. Цундела, хьоьга лоьро марха ма кхаба аьлла делахь, хьуна тIехь дац марха кхабар. Хьайн могшалла туойелча, айхьа ца кхаьбна долу денош доькхуш кхаьбчахьана во́лу хьо. Ткъа нагахь санна ахь ишттачу хьолехь волуш марха кхаьбча, и бахьана долуш хьо хIаллакьхиларна герга гIур волуш велахь, хьан цамгар гена а яьлла, хьо валаран кхерам белахь, важиб ду хьуна тIехь марха ца кхабар, мегар дац ахь оцу хьолехь марха кхаба. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 25/08/2010 = 15/09/1431
| КхидIа |