|
Видео |
Хьешан тептар |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум, бусулба ваша. Уггар хьалха хьуна Дела реза хила ала луур ду суна хьан сайт нахана пайде хиларна. Тхан доьзало дика пайда оьцу хьан сайтах. Дала аьтто бойла хьан хIара болх дIакхехьарехь. Цхьа хаттар дара сан, мархин бутт тIекхачале жоп дезаш. Хьайн аьтто белахь жоп лохьа суна и тIекхачале. Мархин баттахь бер дакхош йолчу зудчунна марханаш тIехь ду, я дац хаа лаьара суна. Беран мел хан ю хаа дезахь, хоуьйту ас, цуьнан 1 шо кхьачна. Дела реза хила, маьрша Iойла.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дела реза хилла хьуна а, лераме йиша. Амма хьан хаттарх лаьцна аьлча – бер дакхош йолчу зудчунна мегаш ду мархин баттахь марха ца кхаба, хIунда аьлча оцу берана кхоччуш юург ца хиларна кхерам болу дела. Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Бакъдолуш, АллахIа тIерадаьккхина некъахочунна ламазан ах дакъа а, берах йолчу зудчунна а, бер дакхочунна а тIера марха а».[1] Ткъа нагахь санна берана и кхерам бацахь, масала денош доца а долуш, бер ненан шура йоцург кхидолу даар дика дууш а долуш, берана оцу даарх тоам хуьлуш а болуш, и бер гIийла а, цомгаш а доцуш хьал делахь, тIаккха марха кхабар тIехь хир ду цуьнан нанна. ТIаккха, нагахь санна берана иштта и кхерам а хилла цо марха ца кхабахь, ша́ шен бер дакхочура даьккхича йа цунна кхерам дIабаьлча доькхуш кхаба дезар ду цо и марханаш. ХIора марханна тIера сагIийна даар дала а дезар ду, цхьа кан барамехь. Цунах лаьцна алссам вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь: «Берах йолчу зудчунна марха кхаба мегий?». Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву. 14.07.2012 = 24.08.1433
|