|
Видео |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Мархи баттахь Iуьйран молкхойкхуш волуш, и кхайкхина валале хи мала меги, и мелча марха доха-м ца духу? АллахI реза хуьлда шуна.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Ибнул-Къаййима – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Оцу хаттарехь хилпало ю» - тIаккха аьлла цо: «Дукхах болчу Iелам-наха мегар дац аьлла Iуьйра хан хиллачул тIаьхьа Iуьйкъе йан (хIума кхалла). И ду (диъ мазхIабан дай болчу) виъ имама аьлларг а, (бусалба) мехкашкара дукхах болчу Iелам-наха аьлларг а. Уьзза маьIна долу дешнаш дийцина Ибн Iумарера а, Ибн Iаббасера а, Дела реза хуьлда цаьршинна».[1] Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Багахь яахIума а йолуш цхьанна Iуьйра хан тIехIоттар билгалдáлахь, шен багарниг охьатосийла цо. Нагахь санна цо иза охьатассахь – нийса хир ду цуьнан марха. Нагахь санна цо иза дIакхаллахь – духур ду цуьнан марха. Нагахь санна шена иза билгал ма-даьллинехь цо шен багарниг охьатоссучу хенахь, цунна лаа а ца лууш цуьнах цхьа дакъа цуьнан кийра додахь… цу хьокъехь долчу шина дашах нийсох дерг цуьнан марха духуш ца хилар ду».[2] Кхин а аьлла цо: «Вай хьахийра хьалха, шен багахь (юучух) цхьа хIума а йолуш Iуьйре тIехIоьттинчо иза охьатасса езаш хилар а, цо шен марха кхидIа кхаба дезаш хилар а. Ткъа нагахь санна, Iуьйра хан тIехIоттар шена хиинчул тIаьхьа цо цунах цхьа хIума шен кийра яхийтахь (кхаллахь) – цуьнан марха духур ду… Цуьнан тешалла ду IабдуллахI ибн Iумара а, Iаишата а – Дела реза хуьлда царна – дийцина хьадис, АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Билала азан буьйсанна до (моллалла Iуьра хан хилале кхойкху иза, цундела) аш шайн юург юийла, мерг а молийла Ибн Умм Мактума азан даллалц». Бухарис а, Муслима а дийцина ду иза, уьзза маьIна долуш кхин хьадисаш а ду цаьршинан цхьана жайни тIехь. Амма Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина долу хьадис, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шух цхьанне керахь кад а болуш, (ламазе) кхайкхам хазахь, цо иза охьа ма буьллийла цунах шен хьашт чекхдаккхалц» - и хьадис дийцина Хьакима а, БайхIакъийс а. БайхIакъийс ша иза дийцинчул тIаьхьа аьлла: «И хьадис нийса делахь, цуьнан маьIна дукхах болчу Iелам-нахана гергахь иштта ду: Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хууш хилла и азан Iуьйра хан хилале жимма хьалха деш хилла хилар, тIаккха цхьамма шен керара кедара хи мелча – иза а Iуьйра хан хилале жимма хьалха хуьлу… Кхин а, цу хьадисехь буьйцуш болу кхайкхам Ибн Iумаран а, Iаишатан а хьадисехь дуьйцуш долу доьххьара азан хила догIу. Иштта маьIна дича цхьаьнакхета оцу хьадисийн маьIнеш».[3] ТIаккха, азан дечо (моллалла кхойкхучо) иза деш хила мега билггал Iуьйра хан тIехIоьттиний шена хиъча. Цо иза иштта деш дуй хьайна хаахь, цо азан деш хезча хьуна мегар дац хIумма йаа а, мала а,[4] хьайн багахь ерг охьатасса а еза ахь, Имам Нававийс ма-аллара. Цхьаволчо азан деш хила мега, билггал хан тIехIоьттина йа ца хIоьттина ца хууш, жимма хьалха. Ишттачо азан деш хезча, цхьаболчу Iелам-наха шен керахь долу хи дIамала мегар ду бах.[5] Ткъа нагахь санна азан дийриг ша ара а волуш, Iуьйра хан билггал лар а йеш азан деш вацахь, сахьташ-миноташ билгалйеш хIиттийначу яздаршца азан деш велахь, цхьаболчу Iелам-наха олу, и хенаш билггал хенаш ю, хIунда аьлча уьш Iилманчийн кхеташоно кечйеш йолу дела, цундела цаьрца деш долу азан билггал хан тIехIоьттича бен ца хуьлу, ткъа иштта деш долу азан хезча юург-мерг сацо а еза, ца сацийча марха доха а духу.[6] Кхузахь кхин а билгал дан деза, Ибнул-Къаййима ма-аллара, хIара хаттар къовсаме хилар, хьалха а, тахана а. Делахь а, массеран а цхьабарт бу ларвалар дика хилар а, гIолий хилар а тIехь. Цундела, нагахь санна айхьа иштта оцу кепара хи меллехь, хьайга кхабалахь юха доькхуш кхаба деза ахь и марха, ца кхабалахь Iелам-нехан шолгIачу дашна тIе а доьгIна Iаддита а мегар ду. Делахь а тIейогIучу хенахь ларло цунах, хьайна азан хаза ма-хезза сацаде юург яар а, мерг малар а. Ткъа дика хууш верг АллахI ву! 31.08.2008. [1] Имам Ибнул-Къаййим, «Хьашийту Ибнил-Къаййим Iала Сунан Аби Давуд», 6/341. [2] Имам Ан-Нававий, «Ал-МаджмýI Шархьул-МухIаззаб», 6/308. [3] Уьзза жайна, 6/311-312. [4] Шейх Ибн Джибрин, «Ал-Фатава Аш-ШарIиййахI фил-Масаилил-IасриййахI», гулдинарг: Халид Ал-Джирайсий, 295. [5] Шейх Ибн Iусаймин, уьзза жайна, 294. [6] Шейх Хьусамуд-Дин IаффанахI, «Фатава «Йасъалунак», 9/93.
|