|
Видео |
Хьешан тептар |
Кехат язде соьга |
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Кхаа беттан марханаш кхобуш хилча, тIаьххьара дисина долу 15 марха кхабар суннат ду. ШаIбан баттахь марха кхабарх лаьцна дуккха а нийса хьадисаш ду. Вайн нана йолчу Iаишатера схьа - Дела реза хилла цунна - Бухарис а, Муслима а дийцина, Делан Элчано - Делера салам-маршалла хилла цунна - ШаIбан беттан дукхах долу денош кхобура аьлла. Цаьршима дийцинчу кхечу хьадисехь ду: "ШаIбан баттахьчул дукха марханаш ца кхобура цо кхечу беттанашкахь, и бутт берриг кхобура цо". Муслима дийцинчу хьадисехь ду: "ШаIбан бутт берриг кхобура цо, цхьа кIеззиг боцург". Абу Давуда дийцинчу хьадисехь ду, "Делан Элчанна - Делера салам-маршалла хилла цунна - уггар дукха дезаш долчу беттанех бара ШаIбан, иза кхаба а кхобий, Рамаданаца цхьаьнахоттара цо", аьлла. Насаийс дийцинчу хьадисехь ду, "иза берриг кхобура цо", аьлла. И бутт кхабар суннат дуй хиинчул тIаьхьа... Iаишас - Дела реза хилла цунна - дийцинчу нийсачу хьадисехь деана ду, цо аьлларг: "Иза - Делера салам-маршалла хилла цунна - Мединате веъчахьана цо берриг бутт бузуьйтуш марха кхаьбна дац, Рамадан бутт боцург". Iелам-наха оцу хьадисашна юкъара маьIна деш аьлла: Цо цкъацкъа берриг кхобуш хилла ШаIбан, цкъацкъа дукхах берг кхобуш хилла. Кхечу кепара маьIнеш а дина цара и хьадисаш цхьаьнатухуш. Цул тIаьхьа... Ахьмада а, Абу Давуда а, Насаийс а, Ибн Маджас а дийцина иштта хьадис: "ШаIбан бутт юккъе баьлча, аш марха ма кхаба Рамадан бутт тIекхаччалц". ШаIбан беттан тIаьххьара 15 де марха кхаба магар - ца магар тIехь Iелам нахана юкъахь йолу хилпало и хьадис бахьана долуш ю. Цхьаболчу Iелам-наха и хьадис заьIап ду аьлла, нийса дац аьлла. И хьадис нийса леринчу Iелам-наха иза нийса лерина цуьнан иснаде а хьевсина. И хьадис заьIап леринчу Iелам-наха иза заьIап лерина цу юкъахь волу цхьа стаг бахьана долуш а, оцу хьадисал дуккха а нийса хьадисаш цуьнан маьIнийца догIуш ца хилар бахьана долуш а. Иштта и бахьана долуш, Iелам-нехан хилпало ю ШаIбан беттан тIаьхьара 15 дийнахь марха кхабар тIехь. Ахьмад бин Хьанбалан мазхIабехь болчу Iелам-наха "макрухI" лерина цу 15 дийнахь марха кхабар. "МакрухI" бохург "нежелательный" бохург ду. Ца кхобуш Iад дитича мел бу бах цара, кхаьбча къа а дац бах. ШафиIийн мазхIабера Iелам-наха хьарам ду аьлла, ШаIбан беттан шолгIа дакъа тIекхаьчча марха кхаба волавалар, нагахь санна цо цу беттан хьалхара дакъа кхобуш ца хиллехь. Нагахь санна, цхьа стаг ШаIбан беттан хьалхара дакъа а кхобуш хиллехь, тIаккха мегаш ду диссина долу 15 де кхаба. Бисcинчу Iелам-наха мегар ду аьлла цу беттан шолгIа дакъа дIадоладелчи а марха кхабар. Цара и лакхара хьадис нийса ца лерина. ТIаккха... Ахь хаьттинарг берриг кхо бутт кхобуш хилча, тIаьххьара ШаIбан беттан 15 де кхабар муха ду аьлла ду, цунна нийса долу жоп - Дала мукъа лахь - мегаш хилар ду, иза суннат хилар а ду. Делахь а, нагахь санна ша цу беттан хьалхара дакъа марханаш кхобуш ца хиллехь, дисинчу пхийтта дийнахь кхабар хьарам ду бах Имам ШафиIийс а, Имам Нававийс а, Имам Ибн Хьаджар АлхIайтамийс а, Имам Аррамлийс а, цу хьадисана тIе а доьгIна. Дала гIо дойла бусалба нахана Шена Iибадат дар тIехь а, Ша хьехор тIехь а, Шена шукр дар тIехь а! Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!
|