|
Видео |
Хаттар:
Ассаламу Iалайкум
варохьматуллахIи
вабаракатухIу! Цхьа хаттар дара сан, аьхь хетахьхьа а ца хаьттичи ца волу.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Оьшург хаттар иэхье дац. И ца хууш, ца хоттуш Iаш берш а хир болу дела яздо вай хIокху кепара долу хеттарш а, жоьпаш а сайта тIехь, массарна а пайда хилийтархьама. Нагахь санна «тIуналла ялар» бохучух лууш дерг оралла ялар делахь, лийча веза. Оралла (оьрсийн маттара: сперма) – шех бер кхоллалуш йолу тIуналла ю. Цуьнан кхо билгало ю: иза араялар тоттуш-кхуссуш санна хуьлу; иза арайолуш марзо хуьлу; цуьнан хьожа хьакхийначу бодах йогIу хьожу санна хуьлу. Нагахь санна оцу билгалонех цхьа билгало елахь – масала гIенаха тIуналла арайолучу хенахь марзо хилла хилар дагадагIахь, йа самаваьллачул тIаьхьа цуьнан иштта хьожа ягIахь – лийчар тIедужу. Ткъа оцу тIуналлийца оцу билгалонех цхьаъа билгало яцахь, тIаккха лийчар тIе ца дужу. Нагахь санна араяьлла йолу тIуналла оралла а йоцуш, кхиниг елахь, тIаккха лийчар тIе ца дужу, муххале а бехкеметтиг йила а йилина, иза хица дIа а цIанйина, тIуналла кхетта йолу бедар хийца а хийцина ламаз дан мега. Бехке меттиг йила езаран бахьана а, тIуналла кхетта йолу бедар хийца езаран бахьана а – и тIуналла «нажас» (боьха) лоруш хилар ду. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 08.01.2010 - 1431-01-22
| КхидIа |