Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Сан хаттар чубоьхкинчеран хьокъехь ду.

1. Ламаз эца хи хуьлу царна, делахь а, кIирнах цкъа бен лийча бакъо яц (бане ваха а, йа душ кIел ваха а). Цу хьолехь стагана лийчар тIе доьжча цо тема дан мегий, йа ша ламаз оьцуш лелош долчу хица лийча веза и, йа лийча меттиг йац амма хи ду лийча, тIаккха тема дан мегар дуй цо?

2. Набахти чохь чувоьллинчо ламаз эца хи долуш тема дан мегар дуй?

3. Набахти чохь чувоьллинчо ламаз тIеттIаоьзна дан мегар дуй?

4. Стаг ламаз тIеттIаоьзна деш хилча, цу тIе цо ламаз тема деш оьцуш хилча, цо цкъа тема деш эцна долчу ламазца масала делкъий малхбузий ламаз дан мегар дуй, йа хIора ламазана карладаккха деза цо шен тема?

Сан АллахIан цIарца дехар дара хоьга сан хеттаршна хье цадолуьйтуш жоп далар, Дала аьтто бойла хьан.

Ларамца, Хизир.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI.

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

1. Могшаллийна зен хир доцучу кепара лийча аьтту белахь, луьйчур бу уьш. Нагахь санна лийча аьтту бацахь, масала лийча меттиг яцахь, йа лийчича могшаллийна зен хир долуш делахь, масала шел лур велахь, йа муьлхха а кхийолу йоккха хало елахь, йа и хи лийча а, мала а тоьар долуш дацахь, тIаккха тайаммум (тема) дан мегар ду цара, хIунда аьлча ла́н хала йолчу халоно Iибадаташкахь атто хуьлуьйту дела.

2. Нагахь санна те́ма дар лийчар тIедожарна делахь – цунна жоп хIокхул хьалхарчу де́къехь ду. Нагахь санна те́ма ламаз карара даларна деш делахь – ламаз эца хи а долуш те́ма дан мегар дац, нагахь санна оцу хица ламаз эцча могшаллийна цхьа зен хуьлуш дацахь. Хица ламаз эцча могшаллийна зен хуьлуш делахь – тIаккха мегар ду те́ма дан. ТIаккха, чубоьхкинчеран хьал дуккха а агIонашкахь хала хила тарло, цундела, меженаш тIехула хи охьа ца Iенайчи а хIумма а дац, йила еза меже ерриге хица тIунйича а тоам болуш ду. Масала, куьйга ке́ра юккъе кIеззиг хи а доьттина, цуьнца шен йила еза меже ерриге тIунйича а тоам болуш ду. Уггар коьрта дерг – хIора меженна ерригенна а хи кхачийтар ду.

3. Нагахь санна шен-шен хенахь ламаз дан аьтту белахь, ламаз тIеттIаоьзна дан мегар дац. Нагахь санна шен-шен хенахь ламаз дан аьтту бацахь, чIогIа йоккха хало елахь, йа ламаз дойтуш дацахь, йа иштта и санна долу бахьанаш делахь, тIаккха ламаз тIеттIаоьзна дан мегар ду цара, Дала мукъа лахь, и хало дIаяллалц йолчу ханна. И хало дIа ма яьллинехь, ламаз шен-шен хенахь дан деза, даим ламазаш тIеттIауьйзуш дан мегар дац. Имам Муслима дийцина Ибн Iаббасера схьа (Дела реза хуьлда цунна), цо аьлларг: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ламазаш тIеттIауьйзира Мединатехь, кхерам а, догIу а доццушехь». Ибн Iаббасе хаьттина тIаккха СаIид ибн Джубайра: «ХIунда дира цо иза иштта?». Цо жоп делла: «Шен умматана дукха хало ца хилийтархьама». ХIокху хьадисана тIе а тевжина, цхьаболчу Iеламнаха магийна некъахо воцучо ламаз тIеттIаозар, шина билламца: иза тIеттIаоза цхьа бахьана хилар а, даим тIеттIаузур ца хилар а.[1]

Кхоччуш дан ма-дезза ламаз дан аьтту боцучу хенахь, шега далуччу кепара дан хьажа веза ламаз, маттаца доьшуш дерг деша а доьшуш. Масала хьала-вахьа таIа йиш ца хилча, корта хьала-вахьа таIош дийр ду, и дан а йиш яцахь бIаьрга негIаршца дийр ду, хIоьттина волуш дан аьтту бацахь охьахиина дийр ду, и дан а аьтту бацахь вижина волуш дийр ду. Коьрта дерг – Дала ламаз де аьлла бина болчу кхайкхамна шен аьтту болччу кепара жоп далар ду.

ТIаккха, цхьаболчу Iеламнаха, цомгаш волчо тIеттIаоза мегар ду аьлла ламаз, нагахь санна шен-шен хенахь дича цунна цунах гIело хуьлуш елахь. Цундела, набахти чохь болчеран хьал маьрша болчераниг санна доцу дела, иштта оцу кепара цомгаш волчунна мегар ду ламаз тIеттIаоза, Дала мукъа лахь. Ткъа шена дарба хиллачул тIаьхьа, шен цамгар дIаяьлча, шен-шен хенахь дан деза цо ламаз.

4. Цкъа динчу те́манца дан мегаш долчу ламазийн хьокъехь Iеламнахана юкъахь тайп-тайпана аьлла дешнаш ду. Маликий а, шафиIий а мазхIабера Iеламнаха ца магадо цхьана те́манца ши парз ламаз дар, шен-шен хенахь деш делахь а, тIеттIаоьзна деш делахь. Хьанафий мазхIабера Iеламнаха мегаш ду олу цхьана тайаммумца масийтта парз ламаз дан. Хьанбалий мазхIабера Iеламнаха, цхьана тайаммумца дан мегар ду олу карарчу хенан парз ламаз а, доькхуш дан дезаш долу ламазаш а, тIеттIаоьзна деш долу ши ламаз а.[2]

Цундела, нагахь санна оцу чувоьллинчунна хIора ламазана те́ма дан хала делахь, хьанафий а, маликий а мазхIабехь долчунна тIе а тевжина мегар ду олу вай, Дала мукъа лахь, цо цхьана теманца тIеттIаоьзна ши ламаз дар. Нагахь санна цунна хIора парз ламазана те́ма дан хало яцахь – тIаккха цхьана те́манца ши парз ламаз дийр дац цо, хIора ламазана те́ма дийр ду цо.

ХIинца вай делла долу жоп чубоьхкинчарна дукха хьолехь хало хуьлуш йолчу набахти чохь болчарна ду, хало а, бала а ловш болчарна жоп ду хIара. Ткъа хууш ма-хиллара, цхьайолчу набахташкахь маьрша бехачу нехан хIусамашкахьчул дуккха гIолий ду, паргIат ду (адамийн бакъонаш ларйеш йолчу пачхьалкхашкахь хуьлу иза, масала цхьайолчу малхбузенан пачхьалкхашкахь). Цундела, и атто хуьлуьйтуш йолу хало шена хуьлуш йоцучо массо хIума ша маьрша хилча дийр ма-хиллара дан деза.

Дала маьрша бохийла халонехь берш а, баланехь берш а, зулам кIелахь берш а. Дала гIо дойла царна, Дала ийман а, собар а лойла царна.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

25.01.2011 = 21.02.1432


 

[1] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъаланий, «Фатхьул-ба́ри́», 2/24; Имам Ан-Нававий, «Шархь сахьи́хь Муслим», 3/17.

[2] «Ал-мавсуIатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 14/270-272.