|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Со балхахь волуш, ламаз карахь хилча ас когахь мачаш йолуш до. Мегар дуй иштта?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Мегар ду, мачаш цIена хилчахьана. Анасе (Дела реза хуьлда цунна) хаьттина хилла: «Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шен шина мачанца ламаз дорий?». Цо жоп делла: «ХIаъ».[1] И доцург кхидолу хьадисаш а ду иза мегаш хиларх лаьцна. Ткъа дика хуург АллахI ву! 19.06.2011 = 17.07.1432
|