|
Видео |
Хаттар: Буьйса дика хуьйла! Ламаз деш хилча лак хьакха мегий?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Далла езийла! Лак хьакха мегар ду, делахь а ламаз оьцучу хенахь дIадаккха деза иза, хIунда аьлча цо маIар тIе хи ца кхочуьйту дела. Ткъа, ламаз оьцучу хенахь, йила езачу меженаш тIехь массо метте хи кхачийтар важиб ду. Нагахь санна ламаз оьцучу хенахь дIадаккхалур дацахь, тIаккха мегар дац иза хьакха. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 22/08/2010 = 12/09/1431
| КхидIа |