|
Видео |
Хаттар: Делера салам маршал хуьлда!!! Сан хаттарах цец ца валар доьху, нийса дерг ламаз нийса эцар а, нийса дар а хета суна. Хаттар а, дехар а ишта ду: ламаз муха эца деза, хIун деша деза хIора меже юьлуш? Ламаз нийса деш, бисмал, этхьиг, иштта кхидолу шадерг яздахьара суна, айса нийс до аьлла ца хета суна ламаз. Масала, этхьиг хIорамма ша-тайпа доьшуш дайна суна. Дел реза хилда шуна!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Делера салам маршалла хуьлда хьуна а! Лераме ваша! Ца хуург хаттар эхь хета дезаш хIума дац, цундела хьо бехказавийла оьшуш хIума дац, муххале а иза хьан декхар ду, цундела хьайн декхар кхочуш деш волу хьо сийлахь ву, Дала мукъа лахь. 1. Ламаз эцар. Ламазана цIано йинчул тIаьхьа, доьххьара ламаз эца дIаволалучу хенахь, къилбехьа верзар дика лерина Iеламнаха. Ламаз эца волавалале сивак хьакхар а мелехь ду. Цул тIаьхьа дагца ниййат дийр ду, «ламаз эца валла со» аьлла ойла хуьлуьйтур шен дагчохь. ТIаккха, «Бисмилла́хI» (АллахIан цIарца) а аьлла, кхозза ши куьг дуьлур ду. ТIаккха кхозза бага хи кхорзур ду, кхозза мера чу а хи кхорзур ду. ТIаккха, ламаз эцаран ниййат дагахь а латтош, юьхь юьлур ю кхозза. Юьхь йилинчул тIаьхьа ниййат нагахь латтор важиб дац, иза дагахь ца хилча а мегар ду кхидIа йолу меженаш юьлуш. ТIаккха аьтту пхьарс буьлур бу кхозза, тIаккха аьрру пхьарс буьлур бу кхозза. ТIаккха коьрта тIе хи хьокхур ду, лаахь цкъа, лаахь кхозза. ТIаккха лергаш дуьлур ду иштта. ТIаьххьара, ши ког буьлур кхозза, доьххьара аьтту ког а буьлуш, цул тIаьхьа аьрруниг а буьлуш. Кхузахь ламаз эцар чекхдолу. ТIаккха ламаз эцначул тIаьхьа деш долу доIа дийр ду: «АшхIаду ан ла́ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахI, ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIу ва расу́лухI. Алло́хIуммаджIални́ минаттавва́би́н, ваджIални́ минал-мутатIоххIири́н. Субхьа́накалло́хIумма ва бихьамдик, ашхIаду ан ла́ила́хIа илла́ анта, астагIфирука ва ату́бу илайк». Оцу доIанца цхьаьна Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) салават диллича дика ду: «Алло́хIумма солли Iала́ мухьаммад, ва Iала́ а́ли мухьаммад, ва саллим». Доьххьара «БисмиллахI» алар а, хIора меже кхозза йилар а, ламаз эцначул тIаьхьа доIа дар а суннат долу хIума ду, дича ме́л а болуш, ца дича къа а доцуш. Цундела, доьххьара «БисмиллахI» ца аьлча а, доIа ца дича а, меже цкъа бен ца йилича а ламаз эцар нийса лоруш ду. Амма ламаз оьцучу хенахь хIора меже юьлуш олуш долчух лаьцна аьлча – иза вай дийцира хьалха хIокху шина хаттарехь: Ламаз оьцуш хIора меже юьлуш доьшуш долу доIанаш Ламаз оьцучу хенахь доIанаш ца деша мегий? Кхин а, девзича дика хир ду аьлла хета хIара хаттар а:
2. Ламаз дар. Амма нийса ламаз дарх лаьцна аьлча - Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) деш ма-хиллара ламазан куц вай дийцира хьалха кхузахь: Пайхамаран - Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна - ламазан куц Цуьнца доьзна а долуш, дешча пайдане хир ду аьлла хета суна хIара хеттарш а: Ламаз деш мичахь хIун айаташ деша деза? Сура Фатихьат, Атхьиг-ашхIад язде, ахь нийса язор дара Аттахьи маьIна хаа лаьара суна Ламаз дечу хенахь куьйгаш хьалаайдеш йолу меттигаш муьлхарш ю? Вайн Пайхамара, IалайхIиc-салату ваcсалам, муха деш хилла фарз ламазашца суннат ламазаш? ТIаккха, ламаз дина ваьллачул тIаьхьа доккхуш долу тасбихь а, деш долу доIа а вай дийцира кхузахь: Ламаз дина ваьлча доккхуш долу тасбихь язде... Тасбихь, суннат ламазал хьалха доккху йа тIаьхьа доккху? Ламазал тIаьхьара тасбихь жамаIатца дар Тасбихь дина ваьллачул тIаьхьа хIун деша деза? Ламазал тIаьхьа муьлха доIа дан мегар ду? Парз ламаз динчул тIаьхьа доIа деш ши куьг хьалаайдар Ламазал тIаьхьа деш долу доIа жамаIатца дича нийса ду, йа хIораммо ша-ша дича нийса ду? Хьан хаттарна а, дехарна а кхоччуш жоп делла хиларга догдоху ас. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 28.02.2011 = 25.03.1432
| КхидIа |