|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар дара, дуьйцуш товш дацахь а, эхь хетахь а ца хаьттича ца йолу со. Со хIокху баттахь 9 бутт кхочуш доьзалхочух ю. Тахана бехке меттера цхьа хи-тайпа цхьажимма цIийца розовый хIума гуча а яьлла, со больнице яханера, бера дан хан герга кхаьчна моьттуш. Лоьро иза бера дан герга кхаьчча хуьлуш кечам бу, делахь а тахана хьалхе ду, кхана юхайола аьлла цIа яитан со. Делахь а, и хи санна хIума розовый йолуш йа хи санна кIай йолуш гуча юьйлуш лаьтташ ю, тIаккха иза кIеззиг а ца хуьлу. ХIинца суна ца хаьа со ламазана цIена юй. Со иштта хьолехь хилча, ас ламаз дан мегий? Сихха жоп делча чIогIа доккха гIуллакх хуьлара суна. Дела реза хилла.
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Бухарийс а, Муслима а дийцина, Умм Сулаймас – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамар волчу а еана – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «ХIай АллахIан элча! АллахI вац-кха эхь хеташ бакъдолчух! Зудчунна гIенах шен эвхьаза юкъаметтиг хуьлуш гича лийчар тIеду́жий?». ТIаккха АллахIан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Дужу, нагахь санна цунна (арадаьлла) хи (оралла) гинехь». Оцу хьадисан маьIна деш, Иман Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Цу хьадисо гойтуш ду, шена хьалха цхьа хаттар кхолладеллачо иза хатта дезаш хилар, эхь хетта и ца хоттуш Iад Iан ца везар. Ишттачу меттехь эхь хетар бакъдолу эхь хетар дац, хIунда аьлча эхь хетар – иза дерриге дика ду, эхь хетаро дика бен ца дохьу, ткъа хатта деза хаттар ца хоттуш Iар дика дац, муххале а иза вон ду, цундела иза муха хир ду (бакъдолу, хастаме долу) эхь хетар?! ... Iаишас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Ма дика зударий бу анса́рийн зударий! Эхь хетаро новкъарло ца йира царна дин Iаморна а, иза довзарна а».[1] Цуьнан маьIна деш Шейх Ибн Ал-Iусаймина – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Довзар важиб долу хIума хаттарх юхатухуш долу эхь аьшнаш дина эхь ду (дика эхь дац), йа цунна «эхь» аьлла цIе яккха а ца оьшу, муххале а иза гIийла хилар ду, ледара хилар ду, иза шайтIанера ду. Цундела, хьайн динехь хатта дезаш долу хIума хатта ахь, эхь а ма хетийта хьайна. Амма важиб долчуьнца доьзна доцучу хIуманна тIехь эхь хеташ хилар гIолий ду эхь ца хетарал а».[2]
ТIаккха, хьан хаттарх лаьцна аьлча… ШафиIий мазхIабера Iелам-наха аьллачунна тIедоьгIча, ахь хьайн ламаз дан деза. ХIунда аьлча бер дале хьалха арадолуш долуш долу и хи ламазах зуда йохош долу хи ца лору цара, цундела ламаз дан дезаш хуьлу цо. Шайхул-Ислам Закариййа Ал-Ансо́рийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Бераца арадолуш долу цIий а, бер арататтадала долалучу хенахь арадолуш долу цIий а – цаьршиннах цхьаъа хьайд (зудчуьнан беттан рожехь догIуш долу цIий) лоруш дац, хIунда аьлча и шиъ бер дарца доьзна ду, цуьнан асар ду. Нифа́с (бер динчул тIаьхьа арадолуш долу цIий) а лорур дац и шиъ, хIунда аьлча и шиъ бер арада́лале хьалха хуьлуш ду. Муххале а, и шиъ «эрна» цIий ду (шаьшшинца доьзна цхьаъа хьукм доцуш)».[3] Имам Аш-Ширби́нийс а, Имам Ар-Рамлийс а – Дала къинхетам бойла цаьршинах – аьлла: «Нифас (зуда ламазах йохош, бер динчул тIаьхьа арадолуш долу цIий) – иза берацIа чура бер дIакъаьстинчул тIаьхьа, берацIа дассаделча арадолуш долу цIий ду. (Иза иштта цу хенахь арадолург хиларца) юкъарадо́лу бер арататталучу хенахь арадолуш долу цIий а, бераца арадолуш долу цIий а – и шиъ хьайд дац. ХIунда аьлча иза бер даран асарех цхьа асар ду. Нифас а дац кхузахь, хIунда аьлча (и вай дуьйцуш долу ши цIий) бер арада́лале хьалха хуьлуш ду. Муххале а, иза «эрна» цIий ду».[4] Цхьаболчу Iелам-наха, и хи бер динчул тIаьхьа арадолуш долуш долу цIий санна ду аьлла, цундела ламаз дан мегар дац аьлла. Иза аьллачерах бу хьанбалий мазхIабера Iелам-нах. Масала, Имам Ал-Марда́вийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Зудчунна ша бер дале ши де хьалха, йа кхо де хьалха цIий (арадолуш) гахь, иза нифас ду. Ши де хьалха дерг бен нифас ца хуьлу аьлла а ду».[5] Хьанбалий мазхIабера Iелам-наха аьлларг тIечIагIдинчул тIаьхьа, Шейх Ибн Iусаймина – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла цу хьокъехь: «Цхьаболчу Iелам-наха аьлла: нифа́с ца хуьлу бер дечу хенахь бен, йа цул тIаьхьа а бен. Бер дале хьалха зудчунна гуш дерг – бер арататталучу хенахь иза хилчи а – нифас дац. Оцу дашна тIедоьгIча, зудчо ламаз а дийр ду, марха а кхобур ду, цIий арадолуш доллушехь, бер арататтадала доладелла а доллушехь. … Иза шафиIий мазхIабера Iелам-наха аьлларг ду. Ас иза хьахоран бахьана – иза чIогIа (тешалла, далил долуш) хилар ду».[6] Ткъа вай жоп луш дерг доьххьаралераниг ду – хьайга далахь ламаз дан деза ахь, ца далахь юха хьой цIанйелча доькхуш дан деза.[7] Дика хуург сийлахь АллахI ву! 20.11.2009
| КхидIа [1] Имам Ан-Нававий, «Шархь Сахьихь Муслим», 3/223. [2] Шейх Ибн Ал-Iусаймийн, «Шархь Рийа́дис-Со́лихьи́н», 1/737. [3] Шайхул-Ислам Закариййа Ал-Ансо́рий, «Аснал-матIо́либ шархь ровдит-тIо́либ», 1/114. [4] Имам Аш-Ширби́ний, «МугIнил-мухьтадж», 2/25; Имам Ар-Рамлий, «НихIайатул-мухьтадж», 3/82. [5] Имам Ал-Марда́вий, «Ал-Инсо́ф фи маIрифатир-ро́джихьи минал-хилаф», 1/255. [6] Шейх Ибн Ал-Iусаймин, «Аш-Шархьул-мумтиI Iала задил-мустакъниI», 1/507. [7] «Ал-фикъхIул-манхIаджий», 1/54. |