|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Сан хаттар квартилах доьзна ду, сан кортила ю, иза аренде дIалуш ю, со волче цхьа керста стаг вогIа ша хьалоц хьан квартил оле, и керста стаг жIаьла лелош ву шеца цхьана. Ас цуьнга и квартил лахь цу чохь кхобар ду цо и шеца. Цу хьолехь ас сайн квартил йала мегар дуй цуьнга и жIаьла цунца хилар бахьана долуш. АллахIа диканца бекхам бойла хьуна!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ХIокху хаттарна билггал жоп сайна ца хуу дела, шинхьа Iелам-нахе хаьттира ас иза. Цхьанхьа дела жоп иштта дара: нагахь санна иза шафиIий мазхIабехь велахь – мегар дац цунна иза жIаьла лелочуьнга йала; нагахь санна иза маликий мазхIабехь велахь – мегар ду. Иштта и жоп даларан бахьана хIун ду хьуна аьлча: дукхах болчу Iелам-наха (царна юкъахь шафиIий мазхIабера Iелам-нах а бу) жIаьла нажас ду аьлла, ткъа Имам Малика а, цуьнан мазхIабера Iелам-наха а иза цIена ду аьлла, цара иза нажас ца лору. Ткъа хьан хIусам чохь маьнги а, мот-гIайба а, гIант а, иштта кхиболу сал-пал белахь, оцу жIаьло уьш бехйийр ю, дукхах болчу Iелам-наха аьллачунна тIедоьгIча. Маликий мазхIабехь болчара аьллачуьнга хьаьжча, хьан хIусам бехйала бахьана ца хуьлу. Иштта маьIна долуш дара цхьанхьа делла жоп. ШолгIачу жоьпан юкъара маьIна иштта дара: чохь жIаьла кхобучуьнга а ца луш, кхечуьнга йала хьажа веза иза шен хIусам. Цундела, нагахь санна хьо ахчанна дан хIума доцуш кIелвиссина хьал дацахь, и воцург кхин цу чу вахийта стаг воцуш хьал дацахь (ткъа иштта иза хир ду аьлла ца хета суна) – цуьнга а ца луш, кхечуьнга йала хьажа хьайн хIусам. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 26.12.2009 - 1431.01.09
| КхидIа |