Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Суна хаа лаьара зудчун хьайз долчу хенахь лийча мегаш дуй йа дац. Хьайз дIа даьлча луьйчуш хенахь нийат да дезий йа ца деза?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Зуда хьайд долуш йолчу хенахь лийча мегаш ду, магарал совнаха, лийчар дика долчу хьолашкахь лийчар дика а ду цунна. Иза лийча мегар дац аьлла деана цхьаъа хIума шариIатехь дац вайна девзаш.

Зуда хьайд дIадаьлча цIанлуш луьйчуш хилча, цо йа хьайдах цIанлуш лийча ниййат дан деза; йа лийчича бен дан мегаш доцу хIума дархьама ниййат дан деза, масала Къуръан дешархьама, йа ламаз дархьама; йа лийчаран парз, йа парз лийчар тIерадаккха аьлла ниййат дан деза.[1]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

13.07.2009 


 

[1] Имам Ан-Нававий, «МинхIа́жут-тIо́либи́н», 12.