|
Видео |
Хаттар: Де дика дойла! Сан цхьа хаттар дара, товш дацахь а хаар дика хетара. Стаг а, зуда а цхьаьнакхеттачул тIаьхьа лийчале цо йоьхна йолу бедар, лийчинчул тIаьхьа тIейоха мегий-те и бедар йа ца мега? Дела реза хуьлда хьуна, жоп лахьара ахь, баркалла хьуна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Далла езийла! Лийчале хьалха тIейоьхна йолу бедар лийчинчул тIаьхьа тIеюха мега. Бакъду, ламаз дечу хенахь, оцу кепара тIеюьйхина йолу чухула юху бедар хийцар гIолий ду, чухула юхург цIенаниг юхар гIолий ду. Чухулаюхург йоцучуьнца хийца а ца оьшуш ламаз дан а мегар ду, нагахь санна цу тIе хьакхаелла шариIато боьха лоруш йолу кхин хIума яцахь. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 22.11.2010 = 1431-12-16
| КхидIа |