Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iеламнах

Пайхамар

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

Пайхамар

Дела хьахор

Аудио

Дерриге йозанаш

Хеттарш

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! ХIинца со Iаш волуш йолу меттехь хьо Iедална тIеваха хьашт дац зуда йита. Иза интернет чухула язйича цара хьоьга куьг яз йе олий кехат доийта, ахь и кехат куьг яздой юхадохьийту. Цуьнан хьукм муха ду теша?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Зуда йитар билгалдеш яздинчу кехат тIе куьг яздар – зуда йитаран дешнаш ахь айхьа яздар санна ду.

Цундела, нагахь санна цу кехат тIе ахь куьг яздечу хенахь хьан дагахь хьайн зуда йитар хиллехь – хьан зуда йитаелла хуьлу; нагахь санна цу тIе ахь куьг яздечу хенахь хьайн зуда йита хьан лаам (ниййат) ца хиллехь – хьан зуда йитаелла ца хуьлу.

Зуда йитаран дешнаш яздарх лаьцна  дерг  вай дийцира хьалха кхузахь:

http://dinulislam.org/xattar/xattar_axcha_zudayitar.htm

http://dinulislam.org/xattar/xattar_axcha_zudayitar_2.htm

Ткъа дика хуург АллахI ву.

27.11.2016 = ‏27‏.02‏.1438