|
Видео |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Кера хIума яьккхича йоIана тIекховда мегий, йоI реза йолуш хилча, ле кера хIума елча долахь хуьлий и?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI. Маггане ца мега, йоI реза хилча а, ца хилча а. Йа долахь а ца хуьлу. Дала лардойла Шен оьгIазлонах, юьхьIаржонах. Кера хIума йалар - йоI цу захалонна реза хилар гойту билгало ю, ша кхечуьнца захало лелор ца хилар хоуьйтуш, шайн захало чIагIдеш луш хIума ю и. Цунах лаьцна вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь: «Кера хIума яккхар бусалба динехь мегаш дуй?» ЙоI кхечу стеган цIар тIе яларна, йа вуьшта аьлча, дола яларна беккъа цхьа некъ бу - ШариIато хIиттийна бехкамаш лар а беш, бан ма-безза мах бар. И боцург кхин некъ бац стагана зуда хьанал хуьлуш. Захало кхочушдан лаахь, кIанта шен цIерачаьрга и гIуллакх дIа а довзийтина, цара тIаккха цу йоьIан цIерачарна тIекхачо беза шайна и йоI шайн кIантана яло лууш хилар, хаза массо наха санна шайна и йоI цуьнан цIерачаьргара шайн кIантана еха а ехна, тIаккха ШарIо ма-бохху мах а бина, хьанал долчу кепара кхочушдан деза захало, къайлах-къулах хIуманаш ца лелош, Делан оьгIазло а, нахана хьалхахь юьхьIаржо а тIейогIу йолу хIуманаш ца лелош. Дала вочух лардойла, Ша реза волчунна тIенисдойла, ийман, ислам, беркат долуш ирсе дахар лойла. 02.07.2016 = 27.09.1437
|